Чулацаман тӀегӀо

Кьошк

42°48′39″ къ. ш. 44°45′31″ м. д.HGЯO
Мегавики чуьра гӀирс
Комплекс
Кьошк
оьрс. Кошк
42°48′39″ къ. ш. 44°45′31″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Росси
Регион ГӀалгӀайчоь
Муниципалан кӀошт ЖӀайрахьан кӀошт
Истори а, географи а
Идентификаторан терахьаш
Код ОКТМО 26620420131
Картин тӀехь
Кьошк картин тӀехь
Кьошк
Кьошк картин тӀехь
Кьошк

Кьошк[1] (оьрс. Къошк) — гӀалин тайпана бӀаьвнийн эвла йу Маьт-лоаман басехь, Къайрахьана 1,4 км къилба-малхбузехьа ГӀалгӀайчоьнан ЖӀайрахьан кӀоштахь. Лаьтта Ӏарамхи эркан тогӀехь ломан басехь, ОьлгӀатие эвланна а, Аьрзи бӀаьвнийн комплексанна а лакхахь.

ТӀом балале хьалха кхузахь шина гӀопан комплексехь (1944 шарахь йохийна) лаьтташ йара ши тӀеман бӀов а, ларйаран пенаш долу бархӀ Ӏер-дахаран бӀов а. ТӀеман бӀаьвнийн, планца нийсасаберг болуш, пхи гӀат долуш, экъанан тхов болуш, парапетца, 22 метр локхалла йолуш йара. Царех цхьаннан лахарчу гӀат тӀехь, йуьртабахаман сурсаташ латто а, лайш чохь латто а лерина, конус кепара боккха тӀулган «гӀалло» хилла. ХӀора тӀеман бӀаьвнан шолгӀачу гӀатан тӀехош йиъ агӀонан тӀулган харц сводан кепехь йина йу, Ӏовраш а йолуш. БӀаьвнашна балконаш ца хилла. Меттигера Ӏер-дахаран гӀишлош нийсасаберг бух болуш йу, цкъа ши-кхо гӀат лекха, экъанан тхов а болуш, лекха парапет а йолуш. Церан йисинчу пенаш тӀехь гуш йу тайп-тайпана йиллина меттигаш, нишаш, амбразураш, бӀогӀамаш, говрашна хӀума дуьллу меттигаш, кедаш долу тӀулгаш, кхин а деталаш. Кхузахь бехаш бара ГиреевгӀар а, ХадзиевгӀар а, царна йукъахь хьалха заманахь дуккха а зеделларг долу динан дай а, дечиг, чкъор, даьӀахкаш, маӀаш лелоран говзанчаш а бара. Оцу эвлан гӀишлош теллина Л. П. Семёнов(оьр.)с, А. И. Робакидзес, И. П. Щеблыкина(оьр.).

Географи

Кьошка лаьтта Ӏарамхи эркан тогӀехь ломан басехь, ОьлгӀатие эвланна а, Аьрзи бӀаьвнийн комплексанна а лакхахь. Къайрахьа кхача Кьошкара дуьйна ломан аьтту басехула лакха а ваьлла, дукъ тӀе кхоччуш чувосса веза, цуьнан кӀажошкахь лаьтташ йу Къайрахь. Кьошка Ангуштера лаьмнашка, аьлча а аренашкара лаьмнашка боьдучу новкъахь йу.

Билгалдахарш