Дехар «Лоьмаш» хьажийна йу кхузе; хьажа. иштта
кхин маьӀнаш .
Лом (лат. Panthera leo ) — экха декха дийнатийн тайпа, веаннах цхьа векал пантерийн (Panthera ) тайпана, цицигаш (Felidae ) доьзалера даккхий цицигийн (Pantherinae ) бухара доьзалюкъара ду. ЦӀоькъалоьмаца цхьаьна — уггаре доккха хӀинца дехачех цициг, цхьа долчу боьршачу лоьман масса кхача тарло 250 кг[ 1] . Хала ду ала, деза дуй теша уггаре даккхий лоьмаш, уггаре даккхий цӀоькъа лоьмел, я дац. Иза доьзна ду, исторехь уггаре яккхий массаш амуран цӀоькъа лоьмийн лаьрра мелла а нийса йоцуш[ 2] .
Уггаре даккхийчу лоьмийн (масала, берберийн ) барамех а, дозаллех а тоъал хаамаш Ӏилманехь бац. Ткъа чудоьхкина дийнаташ дукха хьолахь ийна тайпанаш хуьлу. Ӏилманчашна хетало, чохь кхобу лоьмаш мелла а даккхий хуьлу цӀоькъалоьмел барамца а, дозаллийца а[ 3] .
Лоьман историн ареал хилла дуккха а шуьйра хӀинцалерачул: юккъера бӀешерашкахь лом хуьлуш хилла ерриг Африкехь , гӀум-аренаш а, тропикан хьаннаш а йоцучохь, иштта иза ган таро хилла Гергара Малхбалехь , Иранехь , цхьаццанхьа къилба Европехь а (масала, иза даьхна хӀинцалерачу Российн къилбан декъехь, хьалакхочуш хилла 45-гӀа къилбаседа параллелашка). Къилбаседа а, Къилбаседа-Малхбузан а ХӀиндехь лом тамашийна хеташ экха а ца хилла. Амма адамо меттиг гатйина, Африкехь лом дисина Саьхьаран къилбехьа, цуьнан ареал хӀинца чӀогӀа гатъелла. Азехь жима популяци ю Гиран хьуьнхахь (хӀиндин штат Гуджарат ).
ТӀаьхьарчу плейстоцене кхаччалц, 10 000 шо гергга хьалха, лоьмаш хилла уггаре шуьйра даьржина декха дийнат Дуьнен тӀехь адамал тӀаьхьа[ 4] . Церан лаьттах йохку даьӀахкаш карийна Африкин доккхаха долчу декъехь, Евразин мехкан тӀехь Малхбуза Европера ХӀинди а, Къилбаседа Америкин Юкон тӀиера Перу кхаччалц[ 5] . Тархаш тӀе дехкинчу суьртех хиина европин хьехан лом , хилла хилар хӀинцалерачу лоьман бухара кеп.
Лоьман тӀехулара куц ша-кепара ду. Дукха экханаш йац иштта къаьсташа сте-боьршаллин диморфизм йолуш. Боьршаниг стечул доккха хилла ца Ӏаш, кхин а кхес хуьлу, цхьадолчу тайпанин чӀогӀа кхуьу иза белаш, букъан дакъа, накха а къовлуш. Лоьман бос можа-сира тайп-тайпана бесе теӀаш, кхес дукха хьолахь изза беса хуьлу, кхин а таьӀна а, Ӏаьржа а хуьлу. Лоьман бухара кепаш къастало дукхах дерг кхесан бесца. Кхес йоцург, дегӀан тӀиера кхин чо боца бу, цӀоган юьххьехь беха чо бу.
Лоьмаш деха коьртаниг саваннашкахь , амма наггахь дехьадовла тарло коьллаш йолчу а, хьуьнха а. Кхечу цицигех къаьсташ, уьш цхьацца ца деха, ткъа башха доьзалийн тобанашкахь деха — прайдашкахь . Прайд лаьтта гергарчу стен лоьмех, тӀаьхьенех, масех доккха боьрша лоьмех. Стенаш талла доьлху цхьаьна, алсама яккхий шибергйолчарна. Лоьмаш адамашна ца толлу цунах болх бина, амма адамаш диина меттигаш сих-сиха хуьлу. Лоьмаш — онда экха , аьлчи а латтайо лакхара меттиг юурган зӀенехь .
Ӏаламехь лоьмаш деха итт – дейтта шарахь, чохь кхобуш ткъа сов шарахь деха. Боьршаниг кӀезиг итт шо сов деха. Цуьнан бахьна, кхечу лоьмашца леташ ницкъ лагӀло церан[ 6] .
Лоьмаш экаме экха ду хӀунда аьлча церан даржаран барам дукха сиха лагӀлуш бу. тӀаьхьарчу ткъа шарахь церан Африкера барам охьабаьлла 30—50 %[ 7] . Лардеш йоцу меттигел арахьа кхин а экаме ду лоьмаш. ЛагӀдаран бахьна хаддийна Ӏамийна а дац, амма уггаре боккха кхерам — деха Ӏаламан гуо бар а, адамца долу дов а ду. Лоьмаш цӀахь кхаба долийна Руман имперехь дуьйна. Дерриг дуьненан зоопаркаш дакъалоцуш ю хӀаллакхуьлуш долчу азин бухара кеп кхабаран программехь.
Лоьмо дӀалоцу адаман оьздангаллехь коьртачех цхьа меттиг. Оцу дийнатийн суьрташ девза палеолитан заманера дуьйна, цуьнан тешалла ду Ласко а, Шове а хьехаш чуьра тархаш тӀиера суьрташ. Лоьмаш сийлахь дара антикан заманера а, Юккъера бӀешерийн а заманерачу оьздангаллехь, царна карийна шайн меттиг скульптурехь, суьрташкахь, къоман байракхаш тӀехь, хӀосташкахь, мифашкахь, литературехь, фильмашкахь.
Этимологи
Лоьман цӀе тера йогӀу дукха меттанашкахь, схьадаьлла лору лат. leo [ 8] а, желт.-шира. λέων [ 9] , ца девзачу хьостера схьаэцна долу[ 10] . Дуьххьарлера лом Ӏилманехь гайтина шен «Ӏаламан система » балхахь Линней Карла . Шен талламехь авторо билгалдоккху экха «Felis leo »[ 11] олий. Panthera тайпанан Ӏилманан цӀе схьаяьлла желт.-шира. πάνθηρ — схьаэцна цхьаьна малбален маттара, дуста санскр. पुण्डरीकः (puṇḍárīkaḥ IAST ) «цӀоькъалом »[ 12] [ 13] .
Систематика и эволюция
Лом Panthera тайпана ду, иза доцуш оцу тайпана юкъадогӀу цӀоькъалом , ягуар , леопард . И кеп юьхьанца дуьйна эволюци ян доладелла Африкехь 800 000 — 1 млн шо хьалха, цул тӀаьхьа даьржина Голарктикан берриг махкахь. Европехь карийна оцу экхан уггаре хьалхара даьӀахкаш , 700 000 шо зама йолуш ю, карийна Италера Изерни гӀалан гергахь, классификаци йина Panthera leo fossilis бухара кеп санна. 300 000 шо гергга хьалха ерриг Европехь а, Сибрехахь а даьхха кхин а доккха хьехан лом (Panthera leo spelaea ). Лакхарчу плейстоценехь , Чукоткина а, Аляскина а юкъарчу латтан асана тӀехула, лоьмаш Къилбаседан а, Къилбан а Америке кхечира, тӀаьхьо эволюци хилла америкин лом (Panthera leo atrox ) бухара кеп яьлла[ 14] , цуьнан хӀу дайна тӀаьххьарчу шен муьрехь 10 000 шо гергга хьалха[ 15] . ХӀу даран шолгӀа бахьна хила тарло плейстоценан мегафауна хӀаллакхилар[ 16] .
Лоьман а, цуьнан коьртачу бухарчу кепийн а хир тарйолуьйту филогении МакКейнаца, Беллца 1997 а, Новакца 1991[ 17]
Бухара кепаш
Хьалхарчу классификацешкахь ламаст хилла билгалйоккхура лоьмийн 12 бухара кеп , уггаре доккханиг царех хилла барбарийн лом [ 18] . Цу тӀе дийнатийн коьрта къаьста хьесап лорура доккхаллин бараман а, кхесан а башхаллаш. Амма, амалийн башхаллаш яккхий ца хиларна, ткъа хӀора бухарчу кепан ареалехь ша-кепара хийцамаш билгалбовларна, тӀаьхьарчу шерашкахь авторш лору оцу бухарчу кепийн дакъа бакъдоцуш[ 19] . Тахана дукха хьолахь билгалйоккху 8 бухара кеп[ 15] [ 20] , царех цхьаъ, капскан лом (хьалха довзийтина Panthera leo melanochaita санна), боккъала а ша кеп йоцачух тера ду[ 20] . Африкехь деха лоьмийн митохондрин хийцамаш кӀезиг бу, цуо таро ло Сахьаран къилбехьа деха лоьмийн кепаш цхьаъ бухара кеп лара, уьш екъа мега шина кладан : Йоккха рифтан атагӀан малхбалехьа цхьаъ, малхбузехьа шолгӀаниг ю уьш. Малхбален Кенера Цаво кӀоштара лоьмаш генетикица догӀу Трансваалан (Къилбан Африкин регион)лоьмашца, ткъа малхбуза Кенера Абердэран лоьмашна гена ду[ 21] [ 22] .
ХӀокху заманан
ХӀокху заманан (голоценан муьрехь) лору лоьман 8 бухара кеп:
Panthera leo persica — азин , гӀажарчоьнан я хӀиндин лом . Хьалха шуьйра даьржина хилла ерриг Туркойчохь , Къилба-Малхбузан Азехь , Пакистанехь , ХӀиндехь , Бангладешехь . Дийнахь леларо а, яккхий тобанашца леларо а азин лоьмах аьтту болуш гӀакх таллархошна. Экха дисина деккъа ХӀиндера Гирсан хьуьнхахь , церан барам 300 гергга бу[ 23] .
Panthera leo leo — берберийн лом , алсама талларш дар бахьнехь акха Ӏаламехь делла тайп[ 7] , амма цхьацца лоьмаш дисина зоопаркашкахь. Уггаре яккхийчу бухара кепех цхьаьнан — боьршаниг 3—3,3 м деха ду, ткъа дозалла — 200 кг сов ду. Берберийн лом даьржина дара Мароккон махкара Мисар кхаччалц. ТӀаьххьара акха берберийн лом дийна Мароккохь 1922 шарахьу [ 24] .
Panthera leo senegalensis — сенегалан я малхбузаафрикин лом. Даьржина Малхбуза Африкехь, Сенегалера Нигери кхаччалц.
Panthera leo azandica — къилбаседаконгон лом . Даьржина Демократин Республика Конгон къилбаседа-малхбален декъехь.
Panthera leo nubica — малхбаленафрикин я масайн лом . Ареало дӀалоцу Малхбален Африка, Эфиопера а, Кенера а Танзани а, Мозамбике а кхаччалц.
Panthera leo bleyenberghi — къилба-малхбузан африкин, я катангийн лом . Даьржина Къилба-Малхбузан Африкехь — Намибехь , Ботсванехь , Анголехь , Заирехь , Замбехь , Зимбабвехь .
Panthera leo krugeri — къилба-малхбален африкин я трансваалан лом . Даьржина Къилбаафрикин республикин Трансваалан регионехь, царна юкъахь ю къоман парк Крюгер а.
Panthera leo melanochaita — капан лом . Акха Ӏаламехь йелла бухара кеп. ТӀепаза дайна 1860-гӀа шерашкахь . Митохондриалан ДНКан талламийн жамӀашца иза къаста ца до ша лаьттачу бухарчу кепе. Тардолуьйту, капан лом трансваалан лоьман къилбан популяци хилар[ 20] .
Плейстоценан
Хьажоргаш
↑ Nowak, Ronald M. (1999). «Walker’s Mammals of the World. Baltimore: Johns Hopkins University Press» . ISBN 0-8018-5789-9.(ингалс.)
↑ Дж.С. Слот, Д.Дж. Микелл, Дж.М. Гудрич, И.Г. Николаев, E.Н. Смирнов, Б.О. Шлейер, К.
Трейлор-Хольцер, С. Кристи, Т.Д. Аржанова, Дж.Л.Д. Смит, К. У. Карант. КТО ЦАРЬ ЗВЕРЕЙ? ИСТОРИЧЕСКИЕ И СОВРЕМЕННЫЕ ДАННЫЕ О ВЕСЕ ТЕЛА
ДИКИХ И СОДЕРЖАЩИХСЯ В НЕВОЛЕ АМУРСКИХ ТИГРОВ В СРАВНЕНИИ С
ДРУГИМИ ПОДВИДАМИ.
↑ Clyde Beatty. Which is the king of beasts? // Popular Mechanics. — Oct 1939.
↑ Львы Архивйина 2011-05-13 — Wayback Machine // Семейство кошек.(Хьаьжина 9 мартехь 2011)
↑ Harington, CR (1969). «Pleistocene remains of the lion-like cat (Panthera atrox) from the Yukon Territory and northern Alaska» . Canadian Journal Earth Sciences 6 (5): 1277—1288.(ингалс.)
↑ Smuts, G.L. Lion. — Йоханнесбург: Macmillian South Africa (Publishers)(Pty.) Ltd.., 1982. — С. 231. — ISBN 0-86954-122-6.
↑ 7,0 7,1 Panthera leo (инг.) . The IUCN Red List of Threatened Species .
↑ Simpson DP. Cassell's Latin Dictionary (5th ed.) . — L. : Cassell Ltd.., 1979. — С. 342. — ISBN 0-304-52257-0.(ингалс.)
↑ Liddell, Henry George Scott, Robert. A Greek-English Lexicon (Abridged Edition). — Великобритания: Oxford University Press, 1980. — С. 411. — ISBN 0-19-910207-4.(ингалс.)
↑ Frisk H. Griechisches etymologisches Wörterbuch. — Carl Winter’s Universitätsbuchhandlung. — Heidelberg, 1960. — Т. 2. — С. 113.
↑ Карл Линней . Systema naturae per regna tria naturae :secundum classes, ordines, genera, species, cum characteribus, differentiis, synonymis, locis . — 1758. — С. 41.(лат.)
↑ Frisk H. Griechisches etymologisches Wörterbuch. — Carl Winter’s Universitätsbuchhandlung. — Heidelberg, 1960. — Т. 2. — С. 471.
↑ Douglas Harper. Panther .(ингалс.)
↑ Turner, Allen. The big cats and their fossil relatives : an illustrated guide to their evolution and natural history. — N. Y. : Columbia University Press, 1997. — ISBN 0-231-10229-1.(ингалс.)
↑ 15,0 15,1 Burger, Joachim: 841—849. «Molecular phylogeny of the extinct cave lion Panthera leo spelaea» (инг.) (2004 шеран март). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 26 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
↑ Harington, CR. American lion . — Yukon Beringia Interpretive Centre website.(ингалс.)
↑ After McKenna & Bell, 1997, with recent species from Nowak, 1991 (инг.) . ТӀекхочу дата: 2009 шеран 6 октябрь. Архивйина 2011 шеран 18 августехь
↑ Barbary Lion—Panthera leo leo—Largest Lion Subspecies (инг.) . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
↑ Grisham, Jack. Encyclopedia of the World's Zoos. — 2001. — P. 733—739. — ISBN 1-57958-174-9.
↑ 20,0 20,1 20,2 Barnett, Ross, Nobuyuki Yamaguchi, Ian Barnes and Alan Cooper. «Lost populations and preserving genetic diversity in the lion Panthera leo: Implications for its ex situ conservation» . — С. 507—514.
↑ Barnett, Ross; Yamaguchi, Nobuyuki; Barnes, Ian; Cooper, Alan. The origin, current diversity and future conservation of the modern lion (Panthera leo ) // Proceedings of the Royal Society B: Biological Sciences. — 2006. — Т. 273 , вып. 1598 . — С. 2119—2125 . — DOI:10.1098/rspb.2006.3555 .
↑ Dubach, Jean; Patterson, B. D.; Briggs, M. B.; Venzke, K.; Flamand, J. ; Stander, P. ; Scheepers, L.; Kays, R. W. Molecular genetic variation across the southern and eastern geographic ranges of the African lion, Panthera leo // Conservation Genetics. — 2005. — Т. 6 , вып. 1 . — С. 15—24 . — DOI:10.1007/s10592-004-7729-6 .
↑ Asiatic Lion—History (инг.) . Asiatic Lion Information Centre. Wildlife Conservation Trust of India. . ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 24 августехь
↑ Nowell K, Jackson P. Wild Cats: Status Survey and Conservation Action Plan (инг.) . IUCN/SSC Cat Specialist Group. С. 17—21 (1996). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 27 ноябрь. Архивйина 2012 шеран 2 февралехь