Чулацаман тӀегӀо

Туркойчоь

39°00′ къ. ш. 35°00′ м. д.HGЯO
Мегавики чуьра гӀирс
Туркойчоь
Türkiye Cumhuriyeti
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Yurtta Barış, Dünyada Barış
(«Мир в стране, мир во всём мире»)»
Туркойчоьнан Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Файл:Турция.png
Кхоьллина 1923 шаран 29 октябрь1923 шаран 29 октябрь
Официалан мотт Туркойн
Коьрта гӀала Анкара
Йаккхий гӀаланаш Истмала, Анкара, Измир, Бурса, Адана, Анталья, Конья
Урхаллин тайпа Парламентан республика
Президент
Премьер-министр
Абдулла Гюль
Реджеп Тайип ЭрдогӀан
Латта
 • Шадерг 783 562[1] км² (36-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 2013
Бахархой
 • Мах хадор 75 762 621 [2] стаг
 • Ларар (2000) 67 803 927 стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2012) 1,125 трлн[3] долл. (16-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 15 000 долл.
АДКИ (2013) 0,722[4] (лакхара; 90-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш турко, туркой
Ахча Туркойчоьнан лира (TRY, код 949)
Интернет-домен .tr
Код ISO TR
Код МОК TUR
Телефонан код +90
Сахьтан аса +2 (аьхккий +3)
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d]
РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь

Туркойчоь[5], Турци[6], шира цӀе Хункар-Мохк (турк. Türkiye Cumhuriyeti) — къилба-малхбуз Азера мохк бу, жимма лаьттан дакъа Европина чохь а долуш. Туркойчоь кхоллаелла 1923 шарахь Ӏосманан Пачхьалкх дӀайоьхначуллтӀехьа, цулла хьалха Ӏосманан Пачхьалкх аьлла йоьвзаш хилла Туркойчоь. Туркойчоьнан пачхьалкхан мотт — туркойн мотт.

Мустафа Кемаль Ататуьрк — Туркойн Республика кхоллархо а Туркойн Республикин дуьххьарлера паччахь

Туркойчоьнан 14 лаььтахулара доза йу. Туркойчоьна дозанийн максимум дохалла малхбузера малхбале 1565 км, къилбаседера къилбе — 550 км. Туркойчоьнан дозанийн лаьттахулара дохалла — 2753 км. Малхбузехьа Болгарица (269 км), Желтойчоьца (212 км), къилбаседа-малхбалехьа — Гуьржийчоьца (318 км), Эрмалойчоьца (308 км), Азербайджанца (14 км), малхбалехьа — Иранца (454 км), къилба-малхбалехьа — Ӏиракъаца (331 км), Шемаца (877 км.)[7].

Этимологи

ХӀинлерачу Республика Туркойчоьх (турк. Türkiye) йоккхуш йолу цӀе[8], схьаяьлла ширафранцузийн маттера Turquie, ткъа иза схьаяьлла йуккъерчу бӀешерийн латинан Turchia, Turquia кепах а, грекийн — желт. Τουρκία кепах а. 1299—1922 шерашкахь хиллачу Хункар-мохк олучу хенахь а, оцу хенахь хилачу наха а олура Туркойчоь я Туркойн импери. Пачхьалкхан оьрсийн цӀе — «Турция» — кхоллаела полякийн маттера Turcja керлалатинан маттера Turcia цӀарах[9].

Административан йекъайалар

Туркойчоьнан регионаш.
Административан йекъайалар

ТӀеман ницкъаш

Галерей

Билгалдахарш

Литература