Чулацаман тӀегӀо

Росси

66° къ. ш. 94° м. д.HGЯO
Мегавики чуьра гӀирс
Росси
Россия
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Российн Пачхьалкхан Шатлакхан ИллиФайл:Russian Anthem chorus.ogg
Официалан мотт оьрсийн[lower-alpha 1]
Коьрта гӀала Москох
Йаккхий гӀаланаш Москох, Петарбух, Новосибирск, Екатеринбург, Казань, Нижни Новгород, Челябинск, Самара, Омск, Дон-тӀера-Ростов, Уфа, Красноярск, Воронеж, Пермь, Волгоград, Краснодар
Урхаллин тайпа Ийна республика[1]
Президент
Ӏедалан председатель
Федерацин Советан
председатель

Пачхьалкхан Думин
председатель
Владимир Путин
Михаил Мишустин
Валентина Матвиенко
Вячеслав Володин
Пачхь. дин дуьненан Ӏедал[2]
Латта
 • Шадерг 17 098 246[lower-alpha 2] км² (1-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле 4,22%
Бахархой
 • Ларар (2021) 147 182 123[3] стаг
ДЧС (НЭТ)
 • Шадерг (2022) 5,33 трлн[4] долл. (5-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 36 485[5] долл. (58-гӀа)
ДЧС (номинал)
 • Берриг (2022) 155,35 трлн сом[6] долл. (8-гӀа)
 • ХӀораннан а сина 14 591[7] долл.
АДКИ (2020) ▲ 0,824[8] (чӀогӀа лакхара; 52-гӀа меттиг)
Бахархойн цӀерш российхой[9], россия́нин, россия́нка[10]
Ахча российн сом, ₽ (RUB, 1991—1998 шш. — RUR)
Интернет-доменаш .ru, .su, .рф[lower-alpha 3]
Код ISO RU
Код МОК RUS
Телефонан код +7
Сахьтан аса UTC+2 — UTC+12,
хьажа Хан Россехь
Автомобилийн некъаш аьтту агӀора[d][12]
РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь

Росси, йа Росси́йн Федера́ци (РФ), — Малхбален Европин а, Къилбаседа Азин а пачхьалкх. Росси — уггаре йоккха пачхьалкх йу дуьненахь, цуьнан мохк бу 17 234 031 км². Мехкан бахархой бу 146 203 613 стаг[13] (9-гӀа меттиг дуьненахь).

Коьрта гӀала — Москох йу. Пачхьалкхан мотт — оьрсийн мотт бу.

Федеративни дӀахӀоттаман ийна республика йу. 2012-чу шеран майхь президентан болх Владимир Путина дӀаэцна, правительствон председатель — Дмитри Медведев ву.

Российн Федерацин хӀоттаман йукъа 85 субъект йогӀу, 22 — республика а, 9 — йист а.

Росси — шуьйрачу этнокультуран тайпанех лаьтташ йолу дуккха къаьмнийн пачхьалкх йу. 2020—2021-чу шерашка Российн бахархойн барам лараран жамӀашца пачхьалкхехь 190-чул сов къаьмнийн векалш бехаш бу, царах оьрсий 80,85 % бу, ткъа оьрсийн мотт Россин бахархойн 99,4%-нал совчунна хааш бу[14]. Бахархойн доккхаха долу дакъа (гергарчу хьесапехь 75 %) динца дуьстича православи лелош ду[15], Росси дуьненахь православин бахархойх уггар дуккха долчу пачхьалкхах йойтуш йу.

Росси дуьненан 18 пачхьалкхаца доза деш йу (шийттаца — лаьттан тӀехула а, шиъца — хӀордан тӀехула — АЦШ а, Японица а).

Росси Ветон бакъо йолуш ООН-н Кхерамазаллин Кхеташонан гуттатара декъашхо йу; таханлерачу дуьненан йоккхачу пачхьалкхашкара цхьаъ йу. Иштта Росси дуккха а дуьненайукъара кхолламашкахь йу: ООН, G20, ЕАЭС, СНГ, ОДКБ, ВТО, ОБСЕ, ШОС, АТЭС, БРИКС, МОК а, кхи берш а.

Росси — ядерни пачхьалкх йу. 2025-чу шарахь эсаран (октябрь) баттахь хиллачу хьолехь, Россис дуьненан энерго ресурсийн базаран 17 % лардеш йу. Дуьненан коьртачу космосан пачхьалкхашкара цхьаъ йу[16]. Россин мехкан 65 %гуттаренна гӀорийна латтар дӀалоцу[17].

Хийцамаш а, истори а

«Росия» цӀенан хьалхара йозанца хьехор желтойн маттахь (греч. Ρωσία) X бӀешеран йуккъера ду долалуш, иза Русь билгалйеш Византийн императоран Константин Багрянородничун «Церемонешна» а, «Импери урхалла даран» а йозанашкахь карадо. Кириллицан йозанца «Росия» (Рωсїѧ) дош дуьххьара лелийна 1387-чу шарахь оханан (апрель) беттан 24-чу дийнахь, митрополит Киприана шен куьйгаца дӀайаздинчу Иоанн Синайскичун «Лествице» цӀе йолчу жайни тӀехь, цигахь цо шен цӀе «Кыевскым а, дерриг Росин а митрополит» йу бохуш хьехадо[18]. XV—XVI бӀешерашкахь эллинизаци йина «Росия» цӀе Москохан йоккхачу олаллин куьйгаллехь цхьаьнатоьхначу оьрсийн мехкан цхьана декъана тӀечӀагӀдира: масала, Иоанн де Галонифонтибуса и цӀе оцу маьӀнехь лелайо 1404-чу шарахь, ткъа Иван III-чунна Къиеман ханан тептар тӀехь 1474-чу шарахь «российски эла» цӀе тоьхна йу[19].

«Россия» дуьххьара кириллицица йаздар

1547-чу шарахь, Иван IV Васильевич паччахьалле венчал ваххал тӀаьхьа, Москохан пачхьалкх Российн паччахьалла а олуш хилира. Дош таханлерачу кепехь — шина «с» элпаца — XVII бӀешеран йуккъехь гучуделира а, Петр I-чун заманахь чекхдаьккира а.

Къилбаседан тӀом чекхдаьлча, 1721-чу шарахь эсаран (октябрь) беттан 22-чу (лахьанан (ноябрь) беттан 2-чу) дийнахь Петр I Дерригроссийн император кхайкхийра. Цул тӀаьхьа пачхьалкх официалехь Российн импери олуш хилира.

1917-чу шарахь хӀутосург (сентябрь) беттан 1-чу (14-чу) дийнахь, чиллин (февраль) а, эсаран (октябрь) а революцийн йукъарчу муьрехь, Росси республика кхайкхийра, ткъа 1918-чу шарахь мангал (июль) беттан 19-чу дийнахь дуьйна официалехь Российн Социалистически Федеративни Советийн Республика (РСФСР) олуш хилира (1936-чу шарахь «Социалистически» а, «Советийн» а дешнаш цӀерахь хилча-метта нисдира). 1922-чу шарахь дуьйна 1991-чу шар кхаччалц РСФСР СССР-н юкъахь дара, иза неофициалехь (коьртаниг дозанал арахьа) дукха хьолахь Росси олуш дара. Советийн Бертах дохар долчу муьрехь 1991-чу шарахь декхан (декабрь) беттан 25-чу дийнахь РСФСР-на керла цӀе йелира — Российн Федераци[20].

Мехкан барам а, дозанаш а

Россин мехкан шен кхайкхиначу дозанашкахь барам 17 233 900 км² бу (дуьненан пачхьалкхашна йукъахь барамца хьалхара меттиг), иза Къилба Америка континентал кӀеззиг бен кӀезиг бац. Дерриге а Къилбаседан эхигехь йу, Россин мехкан доккхаха долу дакъа Малхбален эхигехь ду, Чукотскин автономин гонан малхбален дакъа бен Малхбузан эхигехь дац.

Иза Тийна а, Къилбаседан Шенан а океанийн хишца юьлуш йу; иштта Атлантикин океанан Балтийн, Ӏаьржачу, Азовн а хӀордашца а, дуьненахь уггар ехха йолу бердан сиз (37 653 км) цуьнан йу. Росси Еврази континентан къилбаседехь йу, дерриг Малхбален Европа, Азин дерриг къилбаседе а, Арктикан доккха дакъа а дӀалоцуш, Калининградан область цхьацца критерешца Йуккъерчу Европех тоха мегаш ду. Уралан а, Кавказан а лаьмнаш (йа Кум-Манычан кӀаг) Росси европанан (23 %) а, азин (77 %) а декъашка къастош ду; иштта Россин Европин а, Азин а дакъош шаьш дӀалоцучу мехкан барамца Европин а, Азин а кхечу пачхьалкхашна йукъахь уггар доккха ду.

Мехкан уггар генара меттигаш

Россин уггар къилбаседенан чаккхенгара меттиг — Архангельскин областех догӀуш долу Франц-Иосифан Латтан архипелаган Рудольфан гӀайренан Флигели маргӀа (81°51’ къ. ш.) йу; уггар къилбаседенан континентан меттиг — Красноярскин краехь Таймыран ахгӀайренан Челюскин маргӀа (77°43’ къ. ш.) йу. Уггар малхбален чаккхенгара меттиг — Беринган хидоькъан Ратмановн гӀайре (169°0’ м. д.), иза Чукотскин автономин гонан мохк бу; уггар малхбален континентан меттиг — Чукоткера Дежнёвн маргӀа (169°39’ м. д.) йу. Россин уггар къилбенан чаккхенгара меттиг ДегӀастанан а, Азербайджанан а дозанехь, Базардюзю ламан къилба-малхбузехь (41°11’ къ. ш.) йу. Уггар малхбузан чаккхенгара меттиг Балтийн хӀордан Гданьскин айман Балтийн косан тӀехь, Калининградан областехь йу (19°38’ м. д.). Россин мехкан малхбузера малхбале кхаччалц йолу йохалла 10 эзар километрал сов йу, къилбаседера къилбе кхаччалц — 4 эзар километрал сов йу.

Геологин хӀоттам

Андома-гу, Онежскин Ӏам йисттера геологин хӀóллам, Вытегра гӀалара 30 км генахь. Россин Европин дакъа Малхбален-Европин платформан тӀехь лаьтташ ду. Цуьнан бух тӀехь лаьтташ ду докембрийн магматически а, метаморфически а породаш. Уралан лаьмнийн а, Енисей хин а йукъара мохк Кегийчу Малхбузан-Сибрехан платформо дӀалаьцна. Енисейл малхбалехьа лаьтташ йу Шира Сибрехан платформа, иза Лена хи кхаччалц йахйелла йу, коьртачу декъана, Йуккъера-Сибрехан аренан лакхенан маьӀна а долуш. Платформийн бердашкарчу дакъошкахь даххаш ду мехкадаьттанан, Ӏаламан газан, кӀоран. Россин чуччадаьхначу меттигашка (складчаты области) Балтийн гӀап, Урал, Алтай, Уралан-Монголан эпипалеозойн чуччадаьхна доьхка, Тийнаокеанан чуччадаьхначу доьхкан къилбаседе-малхбузан дакъа а, Лаьттайуккъерчу хӀордан чуччадаьхначу доьхкан арахьара зонин жима дакъа а догӀуш ду. Уггар лекха лаьмнаш Кавказ къоначу чуччадаьхначу меттигашна (область) тӀехь лаьтташ ду. Чуччадаьхначу меттигашкахь ду эчиган рудийн коьрта резерваш.

Файл:Карта России.jpg
Россин карта

Сибрехан платформан эпиархейн хан йу. Сибрехан платформан «чехлца» (тӀоьххьеца) уьйр йу Россин уггар йаккхийчу даххашца: тӀулган кӀоран, тӀулган а, калийн а дузнийн, мехкадаьттанан а, газан а; ткъа траппови интрузешца — Норильскера дашо-никелан меттигаш, ткъа кимберлитови пӀелгца (трубка) — алмазаш.

Ши шира платформа къасточу Уралан-Монголан эпипалеозойн чуччадаьхначу доьхкан хӀоттамехь билгалйохуш йу рифейн, байкалан, салаиран, каледонан а, герцинан а чуччадаьхна йолу меттигаш. Енисей-Саяно-Байкалан рифейн а, байкалан а чуччадаьхна йолу меттиг Сибрехан платформан гонаха лаьтташ йу. Малхбален-Европин платформан дозанца лаьтташ бу Уралал хьалхара бердан гуо (краевой прогиб), иза буьзина бу къилбаседехь тӀулган кӀоран меттигашца а, гуонаха юккъерчу декъехь калийн дузнийн меттигашца а йолу перман стоммалло (хьажа Урал).

Тийнаокеанан чуччадаьхна доьхка Россин мехкан тӀехь гайтина ду уггар къилбаседе-малхбузан дакъанехь, цуьнан дозанашкахь ду шира дорифейн массаш, мезозойн а, кайнозойн а чуччадаьхна меттигаш а, таханлера тектонически жигара зонаш а. Верхоянан-Чукотскин меттигехь девзаш ду деший, иза уьйр йолуш ду юран а, лахарчу кредан а гранитни интрузешца, иштта цигахь ду эчиган, вольфраман а, дато-цӀен а меттигаш. ТӀулган кӀоран йаккхий даххаш Предверхоянан гуонан а, Зырянскин чутаӀаран а молассашкахь ду.

Малхбузан-Камчатскин чуччадаьхна система лакхарчу кредан терригенни геосинклинальни комплекс бу, иза тӀехӀоьттина гранит-гнейсови а, сланец-базитови а бухна тӀе, ткъа чуччадаьлча палеоген-неогенови породашца къевлина хилира.

Климат

Росси дуьненахь уггар шийла пачхьалкх йу: цуьнан мехкан 65 % гуттаренна гӀоролан лаьтто къовлаш йу; Россин дерриг дуьненан пачхьалкхашна йукъахь уггар лахара шеран юккъера хӀаваан температура йу, иза −5,5 °С йу; Россин махкахь лаьтташ ду: Шийланан Къилбаседан полюс; Петарбух — дуьненахь уггар къилбаседехьа йолу, бахархой цхьа миллион сов болу гӀала йу; Мурманск — Дуьненан къилбаседан гонан дехьа лаьтташ болу дуьненан уггар боккха гӀала йу; Норильск — Азин уггар боккха къилбаседан гонан дехьа йолу гӀала йу; Сабетта — 70° къ. ш. къилбаседехьа йолу уггар йоккха йурт йу.

Россин Евразин къилбаседан декъехь хиларо (пачхьалкхан мохк коьртачу декъана 50° къ. ш. къилбаседехьа лаьтташ бу) цуьнан арктикин, субарктикин, барамера а, цхьацца декъашкахь субтропически а климатически доьхкашкахь хилар билгалдаьккхира. Мехкан алсам долу дакъа барамерачу доьхкехь лаьтташ ду. Климатан тайп-тайпаналла рельефан башхаллех а, океанан гергарчу а, геналчу а хьолах а йозуш йу.

Широтан зоналла уггар къегина аренашкахь гучудолу. Ӏаламан зонийн уггар йуьззина спектр пачхьалкхан Европин декъан амал йу, цигахь къилбаседера къилбехьа тӀаьхь-тӀаьхьа хийцало арктикин гӀум-аренийн зона, тундра, хьун-тундра, тайганийн хьаннаш, ийна хьаннаш, хьун-аренаш, аренаш, ах-гӀум-аренаш. Малхбалехьа дӀадахча климат дукхах-дукха континентан хуьлу, цхьана широтан йукъарчу хенахь Ӏаламан зонийн барам ладамехь кӀезиг хуьлу.

Кхолламан (январь) беттан юккъера температураш, тайп-тайпанчу меттигашкахь, +6-чуьра −50 °C кхаччалц хийцало, мангал (июль) беттан — 1-чуьра 25 °C кхаччалц; шарахь йочанаш 150-чуьра 2000 мм кхаччалц. Гуттаренна гӀoролан латто (вечно мерзлота) (Европин декъан къилбаседан, Сибрехан а, Генара Малхбален а кӀошташ) Россин мехкан 65 % дӀалоцу.

Таханлерачу Россин мехкан тӀехь гучудаьккхина уггар лекха температура Утта метеостанцехь (+45,4 °C Калмыкехь) хилира, иза лара дина 2010-чу шарахь мангал (июль) беттан 12-чу дийнахь. Уггар лахара температура неофициалехь дӀаязйина йара Оймяконехь академик Обручев С. В. волуш 1924-чу шеран Ӏай, иза −71,2 °C хилира, царна кхин лахара температураш а хьехийра хьаьсна хилахь а. Пачхьалкхехь ерриге а температурн уггар йоккха башхалла 116,6 °C тӀехь дӀаязйина йу, оцу гайтамца Россин дуьненахь хьалхара меттиг йу.

Билгалдахарш

Комментареш

  1. ↑ Федерацин 24 субъектехь, цхьаьна могӀара оьрсийчуьнца леладо кхин 68 пачхьалкхан мотт.
  2. ↑ Не включая Республику Крым и город федерального значения Севастополь, присоединение которых к России не получило международного признания
  3. ↑ Кириллический, введён 12 мая 2010 года[11]

Хьосташ

  1. ↑ Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 31. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
  2. ↑ Конституция РФ. Глава 1. Статья 14. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 20 августехь
  3. ↑ Население, учтённое при Всероссийской переписи населения 2020 года. Федеральная служба государственной статистики. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 4 сентябрь.
  4. ↑ GDP based on PPP valuation of country GDP (инг.). Всемирный банк (2022 шеран 30 июнь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 1 июль. Архивйина 2020 шеран 2 январехь
  5. ↑ GDP based on purchasing-power-parity (PPP) per capita (инг.). Всемирный банк (2022 шеран 30 июнь). ТӀекхочу дата: 2022 шеран 1 июль. Архивйина 2019 шеран 22 июнехь
  6. ↑ ВВП годы (с 1995 г.). Росстат. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 1 январь.
  7. ↑ World Economic Outlook Database-October 2014, International Monetary Fund
  8. ↑ Human Development Indices and Indicators 2020 (инг.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 15 декабрехь
  9. ↑ Тишков, 2015, с. 685—686.
  10. ↑ Грищенко А. И. К новейшей истории слова россияне / Московский педагогический государственный университет. — 2013. Архиван копи 2018 шеран 10 мартехь дуьйна Интернетан архив#Проекташ
  11. ↑ Домен РФ доступен в Интернете. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 24 апрель. Архивйина 2022 шеран 8 февралехь
  12. ↑ http://chartsbin.com/view/edr
  13. ↑ Численность россиян на начало года составила 146,2 миллиона человек. https://ria.ru (2024 шеран 26 январь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 31 январь.
  14. ↑ Certificate Error (инг.). rosstat.gov.ru. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 октябрь.
  15. ↑ Последние новости дня в России и мире сегодня - свежие новости на РБК (ru), РБК. Дата обращения: 30 октябрехь 2025.
  16. ↑ Стратегическое ядерное вооружение России. web.archive.org. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 октябрь.
  17. ↑ Россия останется космической державой, заявил эксперт (ru-RU), РИА Новости (20191204T1535). Дата обращения: 30 октябрехь 2025.
  18. ↑ О.Г.Агеева. Титул «император» и понятие «империя» в России в первой четверти XVIII века. www.historia.ru. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 октябрь.
  19. ↑ Россия (ru), Большая российская энциклопедия. Дата обращения: 30 октябрехь 2025.
  20. ↑ [https://web.archive.org/web/20090520175808/http://www.humanities.edu.ru/db/msg/12047 Закон РСФСР от 25 декабря 1991 г. N 2094-I Об изменении наименования государства "Российская Советская Федеративная Социалистическая Республика"]. web.archive.org. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 30 октябрь.
Цитатийн гӀалат: Тег <ref> «RF» цӀарца, кху <references> йукъахь билгалйина йолу, хьалха хилла текстан йукъахь йац.

Литература

Хьажоргаш