Чулацаман тӀегӀо

Макажой

Мегавики чуьра гӀирс

Макажой ( нохч. Макажой ) - ночийн ширачу тайпах цхьаъ ду, чІеберлойн тукхам йукьадогIуш долу[1].

Къена тайпа
Макажой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам ЧӀебарлой
Йукъара хаамаш
Мотт нохчийн меттан чӀебарлойн диалект
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац

Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк ЧӀебарла

Истори

Макажой тайпан дийцарехь, церан тайпа долийнарг Турач хилла, Нашхера оцу меттигашка дІакхелхина волу.

Макажойн дай бахна йурт лаьтта иллешкахь буьйцу Кезеной-Ам Іамна малхбузехь, цигахь иштта кхин а йарташ йу, царах уггар йоккханиг Макажой йу, дукха хенахь дуьйна чIеберлойш шайн коьртагІала лоруш йолу.

Ночийн Іилманча волчу Сулейманов Ахьмадана хетарехь, Макажой топоним а, иштта Макажой тайпан цІе а йоьзна йу ширачу тIеман терминца «макаж» - цамза лело тІемалойн зайлан кепехь дІахIоттар, мостагІчун эскарш тІелетачу хенахь. Иштта зайла тІелеттачу эскаршна хьалха хьийзара, уггаре халха мостагІчун зІенш хедадора, мостагIчун тыл чу а волий, цунна го а бой, иза хІаллаквора. Макажна йукьабогІура уггаре дог .доьхна а, дегIан ницкъ болу а тІемалой[2].

Билгалдахарш

Хьажа. кхин