Чулацаман тӀегӀо

Кевой

Мегавики чуьра гӀирс
Къена тайпа
Кевой
Этноиерархи
Раса кавказан
Тукхам Ӏовхой
Йукъара хаамаш
Мотт Ӏовхойн лер
Дин ислам (суннизм)
Къам нохчий
Таханлера дӀасакхалхар
 Росси: хууш дац
 Нохчийчоь: хууш дац
 ДегӀаста: хууш дац
Хьалхалера дӀасакхалхар

Къилбаседа Кавказ:

• шира. мохк Ӏовх

Кевой[1] ( нохч. Кевой[1]) — нохчийн тайпанах[2]цхьаъ, Iовхойн тукхум чу догIуш долу. Оцу тайпан векалш бехаш бу ДегӀастанан Ӏовхойн а, Хаси-Эвлан а кӀошташкахь.

Истори

Кевой нийсайазйар Арсаханов И. А. (Арсаханов, 1959, 9 агӀо)[3], У. Г. Осмаев Къева (Кай)[4], Сулейманов А. С. Кеной (хетарехь, опечатка йа гӀалат хила тарло).

Нохчийн историкана, историн Ӏилманийн кандидатна Натаев Сайпудина хетарехь, кевой тайпанан цӀе тӀемалой, гӀаролхой аьлла гочдан мегар ду. Цо чӀагӀдарца, этнониман бух бу нохчийн «Ке» гӀап[1]. Нохчийн меттан Ӏилманчас И. А. Арсахановс шен 1959-чу шарахь арахецначу шен балха тӀехь кевой тайпа Ӏовхойн дакъа санна далийна[3][5].

Нохчийн талламхочо, мохкбовзархочо, хьехархочо, къоман поэта А. С. Сулеймановс, ГӀачалкъа йуьртан микротопонимехь йалийна топоним Кевойн атагӀа (Кевойн атага) «Кевойн атагӀа» — йуьртан къилбаседа-малхбалехьа дежийла. Цуьнан а йу кевой этноним санна[6]. Натаев Сайпудис топоним тайпца йозуш йу[1].

У. Г. Осмаевс шен «Чечня: голоса времен» цӀе йолчу книги тӀехь дӀайазбина Йоккха-Бамт-Йурт йуьртахь кевой тайпанан векалш[7].

Билгалдахарш

  1. ↑ 1,0 1,1 1,2 1,3 Натаев. с. 160 (2013).
  2. ↑ Дадаева. с. 5 (2005).
  3. ↑ 3,0 3,1 Арсаханов. с.9 (1959).
  4. ↑ Осмаев (2005).
  5. ↑ Дешериев. с. 75 (1963).
  6. ↑ Сулейманов (2006).
  7. ↑ Осмаев (2005).

Литература