Гуьлгани
| Эвла | |
| Гуьлгани | |
|---|---|
| оьрс. Галюгаевская | |
| 43°41′44″ къ. ш. 44°55′58″ м. д.HGЯO | |
| Пачхьалкх |
|
| Мохк | Ставрополан мохк |
| Муниципалан кӀошт | Курскан кӀошт |
| Истори а, географи а | |
| Йиллина | 1770 |
| Майда |
|
| Сахьтан аса | UTC+3 |
| Бахархой | |
| Бахархой | 2902 стаг (2010[1]) |
| Идентификаторан терахьаш | |
| Поштан индекс | 357859 |
| Автомобилан код | 26, 126 |
| Код ОКАТО | 07233000010 |
| Код ОКТМО | 07533000146 |
| Номер ГКГН | 0087822 |
| gmo-adm.ru | |
| Картин тӀехь | |
Гуьлгани[2] (оьрс. Галюгаевская) — Российн Федерацин Ставрополан мехкан Курскан кӀоштара эвла.
Бахархойн дукхалла
| Бахархойн дукхаллин хийцам | |
| 2002[1] | 2010[1] |
| 3242 | 2902 |
Географи
ГӀалагӀазкхий беха эвла йу Теркал дехьа Ставрополан махкахь.
Уллера нах беха меттигаш: къилбаседехьа — Ленпоселек, къилбаседа-малхбалехьа — Ишоре, къилбаседа-малхбузехьа — Стодеревски, къилбехьа — Ӏелин-Йурт, къилба-малхбузехьа - НогӀамирзин-Йурт, къилба-малхбалехьа — Бена-Йурт.
Ставрополе: 279 км.
Курск: 49 км.
Истори
Семенова Л. В. цӀе йолу къена гӀалагӀазкхий зудчо дийцарехь, нохчийн хьолахочо Галья цӀе йолу гӀалагӀазкхийн йоӀан совгӀатан кхузахь хьун йелла хилла, цунах схьайаьлла оьрсийн цӀе Галюгай (Галю+гай)[3]. Гай украини маттахь хьун йу.
Климат
Эвла йу барамера континенталан климатан зонехь, алсама хуьлу малхбален а, малхбузен а мехаш. Климатан раж шеран дохаллехь чӀогӀа хийцало, шеран метеорологин заманаш, дукха хьолехь, рузманца ца нисло. Мехкан доккхаха долчу декъехь Ӏа доца а ду, цхьанаэшшара а дац. Уггар шийла бутт - январь. Аьхке Ставрополехь еха ю: 140 де гергга[4].
Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
- ↑ 1,0 1,1 1,2 SuperWEB2. Микроданные переписи 2002 2010 гг. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 15 июнехь
- ↑ Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
- ↑ ИСТОРИЯ СТАНИЦЫ ГАЛЮГАЕВСКОЙ. gmo-adm.ru/istoriya-poseleniya. - официальный сайт станицы Галюгаевской. Архивйина 2022 шеран 6 сентябрехь
- ↑ Климат Ставропольского края Архивйина 2018-01-10 — Wayback Machine
Хьажоргаш
ГӀалат: нийса доцу йа доцуш долу сурт | ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу Ставрополан мехкан географех лаьцна. ГӀодехьа РУВИКИна, хӀара йаззам тӀебуьзна. |