Чулацаман тӀегӀо

Жириновски, Владимир Вольфович

Мегавики чуьра гӀирс
Владимир Жириновски
оьрс. Владимир Вольфович Жириновский
Владимир Жириновски
РЛДП-н фракцин куьйгалхо
2011 шеран 21 декабрехь
Хьалха хилларг Игорь Лебедев
18 январь 2000 — 21 декабрь 2011
Когаметтаниг Игорь Лебедев
12 декабрь 1993 — 18 январь 2000
Когаметтаниг Игорь Лебедев

Дин керста
Вина терахь 1946 шеран 25 апрель({{padleft:1946|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:25|2|0}})[2][3][…]
Вина меттиг Алма-Ата, Казахийн ССР, ССРС
Кхелхина терахь 2022 шеран 6 апрель({{padleft:2022|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:6|2|0}})[4] (75 шо)
Кхелхина меттиг
ДӀавоьллина
Вича тиллина цӀе оьрс. Владимир Вольфович Эйдельштейн
Да Вольф Исаакович Эйдельштейн (1907—1983)
Нана Александра Павловна Макарова (кхел. 1985)
Зуда Галина Александровна Лебедева
Бераш Игорь Лебедев
Парти ЛДПСС → РЛДП
Дешар
ГӀуллакхалла Политика[7], политик[d]
Динлелор керсталла, православи[1]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Эскаран тайпа Советийн эскар[d]
ЦӀе Полковник[d], Капитан (тӀеман дарж)[d], Подполковник[d], полковник[d]
Пачхьалкх  ССРС→
 Росси
РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь

Владимир Вольфович Жириновски (1946 шеран 25 апрель[2][3][…], Алма-Ата[5][6] — 2022 шеран 6 апрель[4], Москох[5][6][…]) — советан а, Российн политикин а гӀуллакххо ву, Пачхьалкхан Думан председателан когаметтаниг ву (2000—2011), Российн Либерально-демократин парти (РЛДП) йиллинарг а, председатель а, Европин Советан парламентан ассамблейн декъашхо а ву. Российн президент харжарехь 5-зза дакъа лаьцна цо (1991, 1996, 2000, 2008, 2012).

Шен дахар а, доьзал а

Схьавалар

Жириновскин да — Вольф Исаакович Эйдельштейн ву (1907—1983). Исраилехь дӀавоьллина ву иза. Деваша — Аарон Исаакович Эйдельштейн ву, шича — Ицхак Эйдельштейн ву[8][9][9]. Оьрсийн доьзалехь ша кхиъна Владимир, биологически да мила ву ца хаара. Ненан марйа — Владимир Андреевич Жириновски ву[10]. Жириновскин деда — Исаак (Айзик) Эйдельштейн ву — Крестополь округехь гӀараваьлла хилла иза. Цуьнан шен дечиг-пхьолин фабрика яр, 200 белхало а волуш. Цуьнан территорин тӀехь аьчка некъ бар болх беш, кийчча продукци Европе дӀакхоьхьуьйтуш.

1964 шере кхаччалц Владимир Жириновскис шен ден фамили лелина — Эйдельштейн, кхиъна ваьлча шен ненан фамили тӀеэцна — Жириновский.

Шен дахар

1971 шарахь дуьйна Галина Александровна Лебедева йалийна ву иза, шиъ кӀант а, цхьа йоӀ а йу цуьнан[11][12]. Галина Лебедева — вирусолог а, биологин Ӏилманийн кандидат а йу. Жириновскис ма-бохху, 1978 шарахь и шиъ дӀасакъаьстина, оцу хена дуьйна цушиннан килсан брак йу[9].

Воккхах волу кӀант Игорь Владимирович Лебедев вина 1972 шарахь. Цуьнан юридически образовани йу (Юридически академи). 2000 шеран январехь кхоалгӀачу гуламан Пачхьалкхан Думехь РЛДП-н фракцин председатель хаьржина иза.

КӀентан шала дина бераш Александр а, Сергей а ву (вина 1998)[13], пансионехь доьшуш бу МПУ[9][14].

Владимир Путин а, Владимир Жириновски а 2015 шарахь.

2013 шеран аьхка дуьйна Жириновски дилхазахо ву. 2013 шеран ноябрехь цо хаам бина РЛДП-н декъашхой бовлуш дилхазахойн кхачанан тӀе дехьабеврра бу аьлла, жижиг могашаллина чӀогӀа зенехь долу дела[15].

Президент харжарехь дакъа лацар

Шо Субъект Аьзнаш % Меттиг Жириновски билгалвина Жириновски витина
1991 РСФСР 6 211 007 7,81 3/6 Ельцин, Рыжков Тулеев, Макашов, Бакатин
1996 РФ 4 311 479 5,70 5/10 Ельцин, Зюганов, Лебедь, Явлинский Фёдоров, Горбачёв, Шаккум, Власов, Брынцалов
2000 РФ 2 026 509 2,70 5/11 Путин, Зюганов, Явлинский, Тулеев Титов, Памфилова, Говорухин, Скуратов, Подберёзкин, Джабраилов
2008 РФ 6 988 510 9,35 3/4 Медведев, Зюганов Богданов
2012 РФ 4 458 103 6,22 4/5 Путин, Зюганов, Прохоров Миронов

Билгалдахарш

  1. ↑ ВЛАДИМИР ЖИРИНОВСКИЙ: Я - ЕДИНСТВЕННЫЙ ПРАВОСЛАВНЫЙ
  2. ↑ 2,0 2,1 Internet Movie Database (инг.) — 1990.
  3. ↑ 3,0 3,1 Wladimir Wolfowitsch Schirinowski // Энциклопедия Брокгауз (нем.) / Hrsg.: Библиографический институт и Ф. А. Брокгауз АГ, Wissen Media Verlag
  4. ↑ 4,0 4,1 Ушел из жизни Владимир Вольфович Жириновский (оьрс.) — 2022.
  5. ↑ 5,0 5,1 5,2 https://www.themoscowtimes.com/2022/04/06/vladimir-zhirinovsky-far-right-court-jester-of-russian-politics-dies-at-75-a77240
  6. ↑ 6,0 6,1 6,2 Encyclopædia Britannica (инг.)
  7. ↑ Чешская национальная авторитетная база данных
  8. ↑ Жириновский нашёл могилу отца // Взгляд.ру, 26.06.2006
  9. ↑ 9,0 9,1 9,2 9,3 Жириновский Владимир Вольфович // Вести.ру
  10. ↑ Дайджест: Продавец мифов. Жириновский
  11. ↑ Ток-шоу «Наедине со всеми» на «Первом канале» с Владимиром Жириновским, 22 декабря 2014 года, официальный сайт «Первого канала»,
  12. ↑ Ток-шоу «Наедине со всеми» на «Первом канале» с Владимиром Жириновским, 22 декабря 2014 года, YouTube,
  13. ↑ Жириновский Архивйина 2011-07-26 — Wayback Machine
  14. ↑ Курянин учится с внуками Жириновского Архивйина 2022-03-21 — Wayback Machine
  15. ↑ Владимир Жириновский: члены РЛДП станут вегетарианцами. Коммерсант (2013 шеран 20 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 2 декабрь.

Хьажоргаш