Чулацаман тӀегӀо

ГIала

Мегавики чуьра гӀирс
Токио, Япон
Чешме, Туркойчоь
Выборг, Ленинградан область
Константинополь, IX—XII бIешерашкахь Европехь уггаре йоккха а, уггаре хьал долу а гIала

ГIала, Шахьар — бахархойн барамца, бахархойн мукъа ца хиларийн, географин, экономикин, историн, оьздангаллин маьIна долу амалца йогIу статус лоруш нах беха меттиг, [1]. Нах беха меттиг гIала лоруш низам, массо а пачхьалкхехь хIоттайо законашца[1]. Уггаре алсама нах беха меттигах гIала йийриг: лору дукха хьолехь 1-2 эзар стаг, амма цхьацца меттигашкахь хила тарло 100 стаг а 50 эзар стаг а[1].

Истори агIора термин схьадолу меттиган гуонаха дуьхьалонан керт — вал йа пенаш хиларх. Шира Русехь гIала олура муьлххачу йоккхачу нах беха меттигах, гуонаха гуо бинчу. ГIаланаш, говзалла а, пхьола а кхиаран йукъ йара.

Йоккха хуьлуш, гIало йо гIалин агломерацеш. ЧIогIа ладаме роль мехкашна а, континенташна а лелайо коьрта гIаланаш, кхин а гIаланаш-миллионникаша йа агломерацеш-миллионераш[en] (бахархой 1 миллионал сов болчу), царна йукъахь мегалополисаш а, глобалан гIаланаш а йу. ГIаланашкахь беха ах сов Дуьненан бахархой[2].

ГIала нийса хIоттар Iамадо леррина дисциплина — гIалайар, цуо Iамадо гIалин хIоттаман законаш а, бакъонаш а. ГIалайар йукъадаьлла архитектурин чуьра, амма хан мел йели гIаланаш хилла йаккхий, церан планаш хIитто оьшура кхин тIе хаарш — гигиенех, экономикех, экологех, транспортах, кхин а дуккха хIумнех лаьцна[3].

Истори

Актау, Кхазакхстан

Ламастехь нах беха меттигийн истори йолало йозанийн хьостехь дуьххьала хьахийначу хенахь дуьйна. Ша йолчу муьрехь гӀало масийттаза хийца таро йара статус а, цӀе а. Йевза,археологаша дӀайиллина, шортта йуккъера бӀешерийн гӀаланаш. Церан махкахь йоьгӀна керла гӀаланаш, ткъа цхьаццанна хадданза истори йу тахана а.

ГӀаланийн экологи

КӀур вьетнаман гӀалахь

ГӀаланашкахь кхоллало башха микроклимат. ГӀалара хӀаваан температура даиман мелла а сов хуьлу йуккъера температурел гуонахьарчу меттигел. ГӀалин атмосфера йохло дагорг дагар, гӀишлоша йовхо йалар бахьнехь. ГӀаланашкахь хьалха деша ло, сенло ораматаш, сих-сиха дӀакхелха олхазаршна, дукхах дерг Ӏа доккху кхечу мехкашкахь, «дицло» шайн инстинктах лаьцна, Ӏаьнна дуьсу гӀалахь.

Хьажа иштта

Билгалдахарш

  1. ↑ 1,0 1,1 1,2 Город / А. Г. Махрова, В. И. Фадеев, А. А. Вигасин, Э. Д. Фролов, П. Ю. Уваров, А. П. Черных, А. С. Хорошев, Д. Я. Резун, И. Р. Соколовский, Н. В. Середа, Л. В. Кошман, Т. А. Луковцева // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.
  2. ↑ Шестой оценочный доклад МГЭИК: изменение климата в 2022 году | UNEP — UN Environment Programme. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 6 апрель. Архивйина 2022 шеран 6 апрелехь
  3. ↑ А. Гутнов, В. Глазычев. Мир архитектуры. — Москва: Молодая гвардия, 1990. — 351 с. — 200 000 экз. — ISBN 5-235-00487-6.

Литература

Хьажоргаш