Бавуко
| Эвла | |||||
| Бавуко | |||||
|---|---|---|---|---|---|
| гӀебарт.-чергаз. Бэвыкъуэ | |||||
| | |||||
| 44°12′25″ къ. ш. 41°53′32″ м. д.HGЯO | |||||
| Пачхьалкх |
|
||||
| Республика | Кхарачой-Чергазийчоь | ||||
| Муниципалан кӀошт | Хабезан кӀошт | ||||
| Йуьртан меттиг | Бавукон | ||||
| Корта | Хубиев Азамат Эреджибович | ||||
| Истори а, географи а | |||||
| Хьалхара цӀерш |
1972 кхаччалц — «Черкесский» совхозан центран кертан поселок |
||||
| Центран локхалла | 567 м | ||||
| Сахьтан аса | UTC+3 | ||||
| Бахархой | |||||
| Бахархой |
|
||||
| Къаьмнийн хӀоттам | чергазий, оьрсий, абазой | ||||
| Динан хӀоттам | бусалба-суннийш, православни | ||||
| Бахархойн цӀерш | бавуко́хой, бавуко́хо | ||||
| Идентификаторан терахьаш | |||||
| Телефонан код | +7 87873 | ||||
| Поштан индекс | 369429 | ||||
| Автомобилан код | 09 | ||||
| Код ОКАТО | 91240000004 | ||||
| Код ОКТМО | 91640406101 | ||||
| Картин тӀехь | |||||
Бавуко́ (гӀебарт.-чергаз. Бэвыкъуэ — «хьена атагӀа») — Российн Федерацин Кхарачой-Чергазийчоьнан Хабезан кӀоштара эвла. «Бавукон йуьртан меттиг» цIе йолчу муниципалан кхолламан административан центр.
Географи
Эвла лаьтта Хабезан кӀоштан малхбален декъехь, Жима Зеленчук эркан аьтту бердаца, 20 км къилбаседа-малхбалехьа кӀоштан йукъан Хабезан, 16 км малхбалехьа Черкесск гӀалин, Р265. Черкесск—Архыз трассица.
Доза ду Ново-Хумарински эвланца къилбаседехьа, Жима Зеленчук эвланца къилбехьа, Псаучье-Дахе эвланца малхбузехьа.
Эвла лаьтта республикин ломан кӀажошкарчу зонехь. Меттиган рельеф шунаш долу аре ю. Терхе йукъара таьӀна ю малхбалера малхбузехьа. Йуккъера локхаллаш эвлан латташ тӀаьхь ю 567 метр хӀордан тӀегӀанера.
Гидрографин маша коьртаниг гайтина Жима Зеленчук эрко. Эвлан къилбехьа лаьтта масех адамо даьккхина хи.
Климат барамера. Шеран йуккъера хӀаваан температура йу + 9°С. Уггаре шийла бутт — январь (йуккъера беттан температура — 4°С), ткъа уггаре бовха — июль (+ 22°С). ГӀоро йолало декабран йуххьехь, дӀайовлу гӀоролаш апрель болалуш. Йочанийн йуккъера барам бу шарахь 600 мм гергга. Церан коьрта дакъа догӀу апрелера июнь кхаччалц болчу муьрехь.
Бахархойн дукхалла
| 2010[1] |
|---|
| 655 |
Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Билгалдахарш
- ↑ 1,0 1,1 1,2 Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 октябрь. Архивйина 2014 шеран 10 октябрехь
ГӀалат: нийса доцу йа доцуш долу сурт | ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу Кхарачой-Чергазийчоьнан географех лаьцна. ГӀодехьа РУВИКИна, хӀара йаззам тӀебуьзна. |