Абазакт
| Эвла | |||||
| Абазакт | |||||
|---|---|---|---|---|---|
| абаз. Гьабакъвайкыт, Абазакыт гӀебарт.-чергаз. Еджыбокъуей, Абазэкт | |||||
| | |||||
| 44°15′12″ къ. ш. 41°54′04″ м. д.HGЯO | |||||
| Пачхьалкх |
|
||||
| Республика | Кхарачой-Чергазийчоь | ||||
| Муниципалан кӀошт | Хабезан кӀошт | ||||
| Йуьртан меттиг | Псаучье-Дахан | ||||
| Корта | Мекеров Азамат Умарович | ||||
| Истори а, географи а | |||||
| Йиллина | 1862 шарахь | ||||
| Хьалхара цӀерш | 1925 шо кхачале Егибоковски | ||||
| Центран локхалла | 511 м | ||||
| Сахьтан аса | UTC+3 | ||||
| Бахархой | |||||
| Бахархой |
|
||||
| Къаьмнийн хӀоттам | чергазий, абазой | ||||
| Динан хӀоттам | бусалба-суннийш | ||||
| Бахархойн цӀерш | абаза́ктхой, абаза́ктхо | ||||
| Идентификаторан терахьаш | |||||
| Телефонан код | +7 87873 | ||||
| Поштан индекс | 369 413 | ||||
| Автомобилан код | 09 | ||||
| Код ОКАТО | 91240000002 | ||||
| Код ОКТМО | 91640430106 | ||||
| Картин тӀехь | |||||
Абаза́кт (гӀебарт.-чергаз. Еджыбокъуей, Абазэкт, абаз. Гьабакъвайкыт, Абазакыт) — Российн Федерацин Кхарачой-Чергазийчоьнан Хабезан кӀоштан йукъара эвла. Юкъайоьду муниципалан кхолламан «Псаучье-Дахан йуьртан меттиган».
Географи
Эвла лаьтта Хабезан кӀоштан къилбаседа декъехь, Жима Зеленчук хин аьрру бердаца. КIоштан центран Хабезан 25 км къилбаседа-малхбалехь а, Черкесск гIалан 14 км малхбузехьа а лаьтта, Р265. Черкесск—Архыз новкъаца. Доза ду нах бехачу меттагийн латташца: Ново-Хумарински къилба-малхбалехь, Псаучье-Дахе къилбехьа, Икон-Халк къилбаседехьа. Эвла лаьтта республикин ломан кIажошкахь. Меттиган рельеф коьртаниг шунаш долуш ю, акъари таьIна ю малхбалехьа эркан тогIенехьа. Йуьртан меттиган мехкан локхаллин юккъера барам бу 511 метр хIордан тIегIанера. Гидрографин маша коьртаниг гайтина Жима Зеленчук эрко.
Климат барамера. Шеран юккъера хIаваан температура + 10°С ю. Уггаре шийла бутт — январь (беттан юккъера температура -1,5°С), ткъа уггаре бовха — июль (+21°С). ГIуоролаш йолало декабрь болалуш, чекхйовлу апрель болалуш. Йочанийн шеран юккъера барам шарахь 700 мм гергга бу. Дукхах дерг догIу апрель-июнь муьрехь.
Истори
ХIинца ша лаьттачу меттигехь эвла кхоьллина 1862 шарахь. Цул хьалха Егибоковски эвла лаьттара Уруп а, Кяфар а хишна юкъахь.
1925 шарахь Егибоковски (Гьабакъвайкыт) элан цIе хийцира, кхечу чергазийн а, абазойн а эвланийн санна, царна элийн цIераш техкина хиларна. Цуьнан жамI эвлан таханлера Абазакт цIе ю. ЦIе схьаяьлла «абаза» этнонимах а, гӀебарт.-чергаз. кыт — «юрт» дашах а[2].
Бахархой
| 2010[1] |
|---|
| 423 |
- Къоман хIоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран жамIашца[3]:
| Къам | Барам, ст. |
Берриг бахархойх дакъа, % |
|---|---|---|
| чергазий | 380 | 89,8 % |
| абазой | 21 | 5,0 % |
| оьрсий | 12 | 2,8 % |
| кхин берш | 10 | 2,4 % |
| берриг | 423 | 100 % |
Дешар
- Юкъардешаран ишкол — урам Центральни, 32.
Инфраструктура
Коьрта социалан инфраструктуран объекташ лаьтта Псаучье-Дахе йуьртан юккъехь.
Урамаш
- Джамбековн
- Джилакановн
- Калмыковн
- Нови
- Подгорни
- Пушкинан
- Центральни
ГIарабевлла юьртахой
- Калмыков Юрий Хамзатович — советийн а, российн а политикин гIуллакххо, юридически Iилманийн доктор. 1993-1994 шерашкахь Российн Федерацин юстицин Министр.
Сахьтан аса

Кхузахь сахьт Москохца нийса лелаш ду. Сахьтан аса йу UTC+3.
Хьажоргаш
- Аул Абазакт на официальном сайте КЧР Архивйина 2018-10-24 — Wayback Machine
- Сайт Хабезского района
- Коды ОКАТО — Абазакт
- Код ОКТМО Архивйина 2016-03-04 — Wayback Machine
Билгалдахарш
- ↑ 1,0 1,1 1,2 Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 10 октябрь. Архивйина 2014 шеран 10 октябрехь
- ↑ Кумахов М. А. Адыгская (черкесская) энциклопедия. — Москва: ФОНД им. Б. Х. Акбашева, 2006. — С. 735. — 1066 с. — ISBN 5-99003-371-0.
- ↑ База микроданных Всероссийских переписей населения 2002 и 2010 годов.
ГӀалат: нийса доцу йа доцуш долу сурт | ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу Кхарачой-Чергазийчоьнан географех лаьцна. ГӀодехьа РУВИКИна, хӀара йаззам тӀебуьзна. |