Ӏазим (цӀе)
| Ӏазим | |
|---|---|
| عظيم | |
| Схьайалар | Iаьрбийн |
| Сте-боьрша | боьрша |
| Бихкина йаззамаш | |
| Аль-Iазим — АллахIан цIерех цхьаъ | |
Iази́м (Iарб. عظيم) — Iаьрбех йаьлла йолу боьршачу стеган цIе, нохчийн мате гочдича хуьлу - «cийлахь», «гIараваьлла», «ладаме», «гоьваьлла», «тIехдика»[1]. Яьржина ю ислам дин лелочу дукхаха долчу къаьмнаш юкъахь.
Аль-Ӏазим
Аль-Ӏазим (Iарб. العظيم — Аль-Ӏази́м) — АллахӀе доьхуш бен лело ца мега АллахӀан цӀарех цхьаъ. Аль-Ӏазим цӀе хьахийна Къуръанахь 4-зза[2]. Цуьнан дукха маьӀнаш ду, АллахӀан возалла гойтуш. Исламан Ӏелам наха маьӀна доккху Аль-Ӏазим цӀеран: Везаниг; Цуьнан возаллин юьхьиг а чаккхе а йац; Цуьнан локхаллин доза дац; Цунах тера цхьан а вац; Цуьнан дух, возалла, массо хӀумалла а доккха ду, Цуьнга цхьан а кхачалур вац.[3].
Ӏабд аль-Ӏазим
Ӏабд аль-Ӏазим (Iарб. عبد العظيم — Ӏабду-ль-Ӏази́м) — Ӏаьрбех йаьлла боьрша стеган шала цӀе. Ӏабдул-Ӏазим цӀе лаьтта шина дашах Ӏабд (лай) а, аль-Ӏазим (Везаниг), Ӏаьрбийн маттара годича «Везачун лай», «Сийлахьчун лай».