Яндаре
| Эвла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Яндаре | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| 43°16′09″ къ. ш. 44°54′31″ м. д.HGЯO | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Пачхьалкх |
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Регион | ГӀалгӀайчоь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Муниципалан кӀошт | Несаран кӀошт | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Истори а, географи а | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Йиллина | 1843 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Хьалхара цӀерш | Райдзаст, Яндырка[1] | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Климатан тайпа | барамера континенталан | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Бахархой | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Бахархой |
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Къаьмнийн хӀоттам | гӀалгӀай | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Динан хӀоттам | бусулбанаш-сунний | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Бахархойн цӀерш | Яндархой | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Идентификаторан терахьаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Телефонан код | +7 8732 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Поштан индекс | 386138 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Код ОКТМО | 26605450101 | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Картин тӀехь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Я́ндаре[13] (гӀалгӀ. Яндаре) — Российн Федерацин ГӀалгӀайчоьнан Несаран кӀоштара эвла. Кхуллу цхьана юьртах лаьтта муниципалан кхоллам Йуьртан меттиг Яндаре[14][15].
Географи
Эвла лаьтта Эльдархан-ГӀалан къилбехьа, кӀоштан йукъ йолчу Несара-ГӀалан къилбаседа-малхбалехьа, Сурхо-ХитӀен малхбалехьа.
Истори
Цхьана версица оцу махкахь, цу декъахь Яндаре эвлан дакъа а, хилла шира гӀала-мегаполис МагӀас — юккъерабӀешерийн полиэтносан пачхьалкхан Аланин коьрта гӀала[16].
XVIII бӀешерийн юьххехь хӀинцалера Яндаре йолчохь лаьттина гӀебартойн элийн ЕндаровгӀеран эвла, церан цӀарах тиллина йуьртан цӀе, ткъа иштта доьду хи Эндерипс (хӀинца Яндар-хи). Сих-сиха орстхой (нохчий) а кхий болу нохчий а, гӀумкий тӀелетар бахьнехь, гӀебартойн эвланаш кхелхира ГIалми хи йистте а, Ташхойн рагӀ тӀе а, ткъа Соьлжан йист лелайора дежийлаш санна[17].
1763 шарахь болабеллачу Оьрсийн-Кавказан тӀамехь, оьрсийн эскарш масийттаза тӀелетар бахьнехь, Жима ГӀебарта яссаелира, 1772 шарахь орстхоша караерзийра Ӏас хин лахенаш а, Карасу-Яндырь олу меттиг а, кхоьллира Йоккха а, Жима а Яндаре эвланаш[18].
1825 шеран майхь — июнехь, коьртехь Таймин Биболатан накъост, юьртда ЦӀечойн Джамбулат а волуш, гӀевттира Яндарен бахархой, амма иза охьатаӀийра, Джамбулат лецира, инарлан Ермоловн омарца вийра[19].
1833 шарахь Яндаре юха а гӀаьттира коьртехь Азаматов Джанхот волуш. Оццу шеран июлехь эскарша иза а охьатаӀийра. Азаматов Джанхотан а, цуьнан гергарчеран а цӀенош дагийра. Ерриг эвла ца ягош сацийра Несарара гӀалгӀайша гӀолацарна[20].
1843 шарахь эвла ягийра паччахьан эскарша, ткъа латта совгӀатан делира паччахьан эпсарна Мальсаговн болх дика барна. МальсаговгӀар тахана а латтош ду Яндарера дуьххьарлера цӀа, иза когаметтачун дуьсуш схьадогӀу, хӀинца цуьнан да ву Мальсагов Адам Ахьмад воӀ.
Инфраструктура
Юьртахь ду 1 рузбанан а, 4 джамаӀатан а маьждиг, 3 юккъера ишкол, хьуьжар, ткъа иштта йуьртан библиотека а, амбулатори а. Маьждиган гена доццуш чурт ду 1941—1945 шерашкара Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхошна лерина.
Бахархой
| 1926[2] | 2002[3] | 2006[4] | 2007[4] | 2008[4] | 2009[4] |
|---|---|---|---|---|---|
| 2185 | ↗10 631 | ↗10 975 | ↗11 063 | ↗11 254 | ↗11 392 |
| 2010[5] | 2011[5] | 2012[5] | 2013[5] | 2014[6] | 2015[7] |
| ↘7980 | ↗8009 | ↗8155 | ↗8251 | ↗8456 | ↗8619 |
| 2016[8] | 2017[9] | 2018[10] | 2019[11] | 2020[12] | |
| ↗8680 | ↗8786 | ↗8849 | ↗9088 | ↗9206 |
- Къоман хӀоттам
2010 шеран Ерригроссийн бахархой багарбаран[21] жамӀашца
- гӀалгӀай — 7 873 ст. (98,7 %),
- кхин берш — 107 ст. (1,3 %).
Галерей
-
Яндарен сурт
-
Яндарен сурт
-
Яндаре эвла
Билгалдахарш
- ↑ K-38 карты Генштаба СССР. Тбилиси, Ереван, Грозный, Нальчик.
- ↑ 2,0 2,1 2,2 Список населенных мест Ингушской автономной области составленный по материалам всесоюзной переписи 1926 г.
- ↑ 3,0 3,1 3,2 Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ 4,00 4,01 4,02 4,03 4,04 4,05 4,06 4,07 4,08 4,09 4,10 4,11 Численность населения республики Ингушетия по населённым пунктам 2006-2012 года. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 17 октябрь. Архивйина 2013 шеран 17 октябрехь
- ↑ 5,00 5,01 5,02 5,03 5,04 5,05 5,06 5,07 5,08 5,09 5,10 5,11 Оценка численности населения 2010-2013. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 23 август. Архивйина 2014 шеран 23 августехь
- ↑ 6,0 6,1 6,2 Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ 7,0 7,1 7,2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ 8,0 8,1 8,2 Численность населения Республики Ингушетия по состоянию на 1 января 2016 года в разрезе населённых пунктов. ТӀекхочу дата: 2016 шеран 8 август. Архивйина 2016 шеран 8 августехь
- ↑ 9,0 9,1 9,2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ 10,0 10,1 10,2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ 11,0 11,1 11,2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль. Архивйина 2021 шеран 2 майхь
- ↑ 12,0 12,1 12,2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 17 октябрь. Архивйина 2020 шеран 17 октябрехь
- ↑ Карасаев А.Т., Мациев А.Г. - Русско-чеченский словарь - 1978
- ↑ Закон Республики Ингушетия от 23 февраля 2009 года № 5-рз «Об установлении границ муниципальных образований Республики Ингушетия и наделении их статусом сельского поселения, муниципального района и городского округа»
- ↑ Поиск кодов ОКАТО. Сельское поселение Яндаре, Назрановский район Архивйина 2015-11-18 — Wayback Machine
- ↑ Исторический проект «Ингушетия:Исторические Параллели». АЛАНЫ в I—IX вв. Ghalghay.com (28 ноября 2009). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 9 ноябрь.
- ↑ Нухажиев Н. С., Умхаев Х. С., «В поисках национальной идентичности», Грозный, 2012 г.
- ↑ Бутков П. Г., «Материалы для новой истории Кавказа с 1722 по 1803 гг.», СПб., 1869 г.
- ↑ http://serdalo-gazeta.livejournal.com/534515.html
- ↑ Кодзоев Н.Д., 2011.
- ↑ ВПН том 4. Таблица 4. Население по национальности и владению русским языком Республики Ингушетия.
ГӀалат: нийса доцу йа доцуш долу сурт | ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу ГӀалгӀайчоьнан географех лаьцна. ГӀодехьа РУВИКИна, хӀара йаззам тӀебуьзна. |