Сарат
Арахьара хатӀ
| Сарат | |
|---|---|
| Ӏаьр. سارة | |
| | |
| Йина терахь | гергга 1936 в. э. хьалха[1] |
| Кхелхина терахь | гергга 1809 в. э. хьалха[1] |
| ДӀайоьллина меттиг: | |
| Къам | Жуьгтий |
| Майра | ИбраьхӀим |
| Бераш | Исхьакъ |
| Лоруш йолу динаш | Ислам, Керсталла, Иудаизм |
Сарат (Ӏаьр. سارة) — ИбраьхӀим-пайхамаран зуда йу, Исхьакъан нана Якъуб-пайхамаран дена. Сарат жуьгтий цӀе йу, Ӏаьрбийн матте гочйича цуьнан маьӀна "хазахетар". Жуьгтий цӀе Сарат (שָׂרָה) цуьнан маьӀна "принцесса" хуьлу. Шен хенахь чӀогӀа хаза зуда хилла Сарат.
Биографи
Сарат а, ИбраьхӀим а жималлехь дуьйна гергарло долуш хилла, Саратан, ИбраьхӀиман, ЛутӀан наной йижарий хилла боху. Вавилон Намрузан махкахь Ӏаш хилла уьш. ИбраьхӀимас Сарат маре йигира. Шайн махкахь йокъала хӀоьттинчу хенахь и шиъ Мисар дахар. Саратан цхьа бера дацара, шен йалхо ХӀаджар ИбраьхӀиме маре йига аьллера цо. ХӀаджаран кӀант хилира ИсмаьӀил, массарна и шиъ дукха дезар, и бахьана долуш Сарат царех хьоьгура.
90 шо кхаьчча АллахӀ-дала цунна кӀант Исхьакъ велира.
