Чулацаман тӀегӀо

Расизм

Мегавики чуьра гӀирс
Вивиан Мэлоун йара Алабаман Университетехь дешна хьалхара Ӏаьржа Ӏамеркхо. 1963 шаре кхаччалц университетехь расийн сегрегаци йара. КӀайн боцчу студенташна магош дацара цига лела.

Расизм — гергара доцчу къаьмнашна йукъахь мостагӀалла лело кхоьллина буржуазин реакционни теори йу[1]. Расизм- шайн политикин а, экономикин а Ӏедал дӀахӀотто гӀерташ йолу тобанийн карахь долу уггар даьржина «герз» ду. Цуьнан уггар кхераме кепаш йу: апартеид а, геноцид а. Расизм- адамийн расаш бакъонашкахь цхьабосса цахиларехь лаьцна Ӏилманца йогӀуш йоцу идеаологи йу. Расизм кхоллайелла леш бацабен дӀахӀоттам хилчу муьрехь. Ткъа расистийн теореш хӀоттийна 19-чу бӀешерахь.

Расизман таханлера кепаш дукхахьолехь йоьзна йу халкъашна йуккъахь йолчу биологин башхаллаш чулоцуш социалан кхетамашца.

Дуьххьара «расизм» дош билгалдаьккхина 1932-чу шарахь Ларуссан французийн дошамехь. Оцу жайнехь расизм билгалйаьккхина «цхьа расийн тобанан олалла кхийолу расийн тӀехь дӀахӀоттош йолу система» санна.

Билгалдахарш