Чулацаман тӀегӀо

Радио

Мегавики чуьра гӀирс
Тайп-тайпана радиоантеннаш Альбукеркен уллера Сандиян бохь тӀаьхь, Нью-Мексико, АЦШ. ДӀалуш йолу антеннаш сихсиха хӀиттайо лекхчу бӀевнаш тӀехь йа ламанан баххьаш тӀехь максимум гена хаамаш дӀабалийта

Ра́дио (лат. radiare, radio — дӀахоьцу, зӀенарш кхета, массо агӀора зӀенарш йала; radius — зӀенара), кхин а радиозӀе — радиотулгӀенаш генна дӀайала хьесап, кхин а Ӏилманан а, техникин а область, иза йоьзна физикин хиламаш Ӏаморца, Ӏохкуш долу оцу хьесапан бух тӀаьхь, кхин а зӀенан, озан вещанин, суьрташ дӀадала, сигнализацин, тергонан, урхаллин, цхьацца объекташ каро, уьш йолу меттиг билгалайаккха, кхечу Ӏалашонна[1].

Термин «радио» дуьххьара йукъадаьккхина ингалсхой физика-химика Крукс Уильяма 1873 шарахь[* 1][2], аьлча а 20 шо гергга хьалхьа дуьххьарлера практикин зиеделларш сара боцу телеграфан зӀенца электромагнитан тулгӀенийн гӀоьнца а, Ӏилманан а, техникин а оцу областехь и термин лелоран дуьненайукъара рекомендацеш йовла 30 долуш а.

Радиовещанин станцин аппаратан чоь, 1927 шо

Белхан хьесап

Озан хаам хуьйцу микрофоно электрийн хааме, цуо модуль йо радиотулгӀенашна, уьш йо радиодӀалучуьнца. Лоцучо тӀеоьцу радиотулгӀенаш, меттахӀоттайо модуль йен сигнал, хуьйцу иза йуханехьа адаман аьтто болчу кепе чӀогӀалуьйригца
РадиотулгӀенаш йустар, амплитудица (АМ) а, луьсталлйца а (FM) модуль йина

ДӀалучу агӀонехь (радиодӀалучуьнца) кхоллало лакхаралуьсталлин сигнал билгалчу луьсталлин (жоплург хаамах, «жоплург луьсталлех»). Цунна тӀе йуьллу хааман сигнал, иза дӀайалайеза (аз, сурт) — жоплучун луьсталлехь хуьлу модуляци хааман сигналца. Модуль йина сигнал зӀаьнар туху дӀалучу антенан радитулгӀенийн кепехь шортонехь.

ТӀеоьцучу агӀора радитулгӀенаш тӀехохку лакралуьсталлин ток тӀеоьцучу антеннехь, цигара иза кхочу радиотӀеоьцучуьнга. Литтарийн системо къастайо дуккха а тӀейерзийначу антеннех токах тайп-тайпанчу радиодӀалучеран а, кхин радиотулгӀенийн хьостех хаам билгалчу жоплучу луьсталлица, ткъа детекторо меттахӀоттайо цунах модуль йен хаамийн (пайденан) сигнал. Кхочу хаам мелла а къаста тарло радиодӀалучух тайп-тайпана новкъарлонийн Ӏаткъам бахьнехь.

Билгалдахарш

  1. ↑ Радио // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров).
  2. ↑ 2,0 2,1 Меркулов В. Когда радио «заговорило» Архиван копи 2021 шеран 14 июнехь дуьйна Интернетан архив#Проекташ // Радио, 2007. — № 10. — С. 6—9.

Хьажоргаш

Кеп:РадиотӀеоьцург
Цитатийн гӀалат: Йолуш йолучу "*" тобанан <ref> тегашна ца карийра йогӀуш йолу <references group="*"/> тег.