Одра
| Одра | |
|---|---|
| чех. Odra, польяк. Odra, нем. Oder | |
| | |
| Амал | |
| Дохалла | 840 км |
| Бассейн | 125 000 км² |
| Хи дайар | 480 м³/с |
| ДӀаэхар | |
| Хьост (B) | |
| • Координаташ | 49°36′48″ къ. ш. 17°31′15″ м. д.HGЯO |
| Хикхоче (B) | Балтикин хӀорд |
| • Локхалла | 0 м |
| • Координаташ | 53°36′06″ къ. ш. 14°35′23″ м. д.HGЯO |
| Эрк долу меттиг | |
| Хин система | Балтикин хӀорд |
|
|
|
| Чехи | Оломоуцан мохк, Моравин-Силезин мохк |
| Польша | Силезин воеводалла, Опольски воеводалла, Нижнесилезин воеводалла, Любушски воеводалла, Малхбузен-ХӀордйистан воеводалла |
| Германи | Бранденбург, Мекленбург-Хбалхара Померани |
| РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь | |
О́дра, О́дер[1], Одр[2] (чех. Odra, пол. Odra, нем. Oder [ˈʔoːdɐ]?, сил. Uodra, л.-луж. Wódra, л.-луж. Odra) — Чехера, Польшера, Германера эрк. Одра тӀехула долу Польшин а, Германин а дозанан цхьа дакъа. КхоалгӀа эрк ду Польшехь шен дохаллица (Висла а, Варта а дӀадаьча)[3].
Эркан дохалла 840 км йу, хи гулде майда — 125 эзар км² гергга йу. Хи дайран йуккъера барам хикхочен гергахь 480 м³/с йу[4].
Долало Малхбален Судеташкахь. Эрк таьӀна ду къилбаседехьа 1,42 м/км. Охьадоьду Чехин махкахула, тӀаккха Польшин махкахула (742 км Малхбузен Польшехула). Ныса-Лужицка эрк кхетачура Одра тӀехула Польшин а, Германин а йукъара доза долу (187 км)[4][5]. Одрин хикхочехь лаьтта Щецинан айма (къилбаседехьа Щецин галин), иза лагуна йу. Балтика хӀорд тӀера Поморски бухтин чукхетачохь иза декъало кхаа генне (Дзивна, Свина, Пенештром).
Кегийра кеманаш Одри чухула лела Опава хикхочел лахахь, даккхий кеманаш — Кендзежин-Козле гӀалин лахахь[4].

ЦӀе
Одра девза масех цӀарца тайп-тайпана меттанашкахь, амма хӀокху заманан цӀераш тера йу вовшех (нем. Oder; чех. , пол. , л.-луж. Odra, л.-луж. Wódra; кашуб. Òdra). ЙуккъерабӀешерийн латинех эрк девза Od(d)era, ткъа Дендаларан муьран латинехь — Viadrus олу.
Клавдий Птолемейс билгалдоккхура хӀинцалера Одра Сиев олий (желт.-шира. Συήβος; лат. Suevus), цӀе, тера ду, схьайолу свевех, германин къомах. Цуо хьахадо кхин цхьа эрк, оцу кӀоштахь хӀордах кхеташ долу, Οὐιαδούα (йа Οὐιλδούα; латинан Viadua йа Vildua), амма иза хӀокху заманан Вепша, хӀунда аьлча цуьнан хикхочен меттиг хилара кхоалгӀа дакъа йукъаметтигах Сиеван а, Вислин а йукъахь йолчул[6][7]. Сиев цӀе тарло йисина хила хӀинца а, Свина эркан цӀе, иза арадолу Щецинан айман чура Балтикин хӀорд чу.
Географи
Одрин дохалла 840 км: 112 км Чехехь, 726 км Польшехь (цунна йукъахь 187 км доза ду Германин а, Польшин а йукъахь), иза Польшехь долу кхоалгӀа эрк ду (Вислин а, Вартин а тӀаьхьа), амма шолгӀа ду дохаллица цуьнан кхечу пачхьалкхашкара дакъош а лерича[5]. Хи гулде майда йу 119 074 км², 106 043 км² цунах йу Польшехь (89 %), 7246 км² Чехехь (6 %), 5587 км² Германехь (5 %). Татолашца вовшех туху Одра Хафельца а, Шпрееца а, ткъа Вислин а, Клодницин а эркан системица. Иза охьадоьду Польшин Силезин, Опольски, Нижнесилезин, Любушски, Малхбузен-ХӀордйистан воеводаллашкахула а, Германин Бранденбурган а, Мекленбург-Хьалхара Померани латтанашкахула.
Геннаш
Коьрта геннаш:
Одра тӀера гӀаланаш
Хьажа иштта
Билгалдахарш
- ↑ Одер // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
- ↑ Одер // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ kontakt@naukowiec.org, naukowiec.org Największe rzeki w Polsce. Naukowiec.org. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 28 сентябрь. Архивйина 2020 шеран 25 сентябрехь
- ↑ 4,0 4,1 4,2 Одра // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров).
- ↑ 5,0 5,1 Statistical Yearbook of the Republic of Poland 2017 (инг.). stat.gov.pl. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 12 октябрь. Архивйина 2020 шеран 22 ноябрехь , Statistics Poland, p. 85-86
- ↑ Claudius Ptolemaios: Geographike Hyphegesis, Kap. 11: Germania Magna. (altgriech./lat./engl.). penelope.uchicago.edu. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 октябрь.
- ↑ Ralf Loock: Mündungen der Flüsse bestimmt. In: Märkische Oderzeitung, Frankfurt 2008,3 (März); Ralf Loock: Namenskrimi um Viadrus in: Märkische Oderzeitung — Journal. Frankfurt 25./26. Nov. 2006, S. 2; siehe auch Alfred Stückelberger, Gerd Graßhoff (Hrsg.): Ptolemaios — Handbuch der Geographie. Schwabe, Basel 2006, S. 223, ISBN 3-7965-2148-7
Литература
- Одер // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Одер // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
- Одер // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : Тип. т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
- Одер // Новый энциклопедический словарь: В 48 томах (вышло 29 томов). — СПб., Петроград, 1911—1916.
- Kubicki W., Waszczuk Е. Odra polska rzeka, Warsz., 1968
- Кеп ВО: РУВИКИ.Хаамаш: йуза: бассейнан категори
- Эркаш абатца
- 1000 км кхаччалц деха эркаш
- Одра
- Балтикин хӀорда чукхеташ долу эркаш
- Оломоуцан мехкан эркаш
- Моравин-силезин мехкан эркаш
- Малхбузен-ХӀордйистан воеводаллин эркаш
- Любушски воеводаллин эркаш
- Нижнесилезин воеводаллин эркаш
- Опольски воеводаллин эркаш
- Силезин воеводаллин эркаш
- Бранденбурган эркаш
- Мекленбурган-Хьалхара Померанин эркаш
- Дозанера эркаш
- Kartographer шордар лелош йолу агӀонаш
