Чулацаман тӀегӀо

Нохчийн автономин область

43°19′00″ къ. ш. 45°41′00″ м. д.HGЯO
Мегавики чуьра гӀирс
Российн Федерацин хила субъекташ
Нохчийн автономин область
43°19′00″ къ. ш. 45°41′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  ССРС → Росси
Адм. центр Соьлжа-ГӀала
Истори а, географи а
Кхоллар 1922
ДӀайаккхар 1934
Латта
  • 11 371
Экономика
Бахархой
Бахархой 309 860[1] стаг (1926)
Къаьмнийн хӀоттам Нохчий, оьрсий
Динан хӀоттам Бусалба, православин
Официалан мотт Нохчийн
Идентификаторан терахьаш
Нохчийн автономин область картин тӀехь


Нохчийн автономин область (Нохчийн АО) — РСФСР административан-мехкан дакъа, иза хилла 1922 шеран 30 ноябрера 1934 шеран 15 январь кхаччалц Административан йукъ — Соьлжа-ГӀала.

Истори

Нохчийн автономин область кхоьллина 1922 шеран 30 ноябрехь Ламанан АССР Нохчийн къоман гуонах. Областан йукъ хӀоттийра Соьлжа-ГӀала, иза 1929 шо кхаччалц областан декъа ца йогӀура (йара автономин гӀала Къилбаседа-Кавказан махкахь[2] с 1924 до 1929 гг.).

1924 шеран 17 октябрехь Нохчийн АО йукъайоьду Къилбаседа-Кавказан махкана. 1927 шарахь Нохчийн АО йукъатоьхна Аллаго кӀошт, шеш йукъатоьхна хилла Тиблисин областан[3] Кавказан тӀом чекхбаьллачул тӀаьхьа[4], амма Россера революцил тӀаьхьа нохчий беха латтанаш[5][6] йухадерзийра Нохчийн автономин йукъа. Цуьнца цхьаьна оцу шерашкахь кхуллучу ДегӀастан АССР йукъа туйхира нохчийн бахархой болу мехкаш, уьш хьалха оцу йукъа доьдуш дацара[7]. 1929 шеран 4 февралехь Нохчийн АО тӀетуьйхира дӀайаьккхинчу Соьлжин гӀазакхийн гуонан латтанаш, Нохчийн АО йукъа иштта официалан йахара Соьлжа-ГӀала. 1934 шеран 15 январехь Нохчийн АО схьатуьйхира ГӀалгӀайн АО, йира цхьа Нохч-ГӀалгӀайн АО Къилбаседа-Кавказан мехкан йукъахь.

12 шарахь НАО баккхий кхиамаш баьхна промышленность а, йуьртан бахам а кхиош[8]

Административан йекъайалар

Файл:Чеченская автономная область 1930 год.jpg
Нохчийн автономин область 1930 шарахь.
Нохчийн автономин область. 1928 шо.

Йухьанца область йекъалора 5 кӀоштанна: Соьлжа-ГӀалин, Теркан (Лаха-Невре йуьрт), Хьалха-Мартанан, Шелан, Шуьйтан.

1926 шеран 1 январан хьолехь Нохчийн АО йукъахь йара 11 кӀошт[9]:

  1. Веданан — Ведана й.
  2. Галанчожан — Галанчож й.
  3. Гуьмсан — Ойсхара й.
  4. Итон-Кхаьллан — Итон-Кхаьлла й.
  5. Керла-Нохчийн — Эна-Хишка й.
  6. Теркан — Лаха-Невре й.
  7. Хьалха-Мартанан — Хьалха-Марта й.
  8. Чурт-ТогӀин — Чурт-ТогӀи й.
  9. Шелан — Шела й.
  10. Шуьйтан — с. Шуьйта
  11. Яьссин (Сесанан) — Сесана й.

1926 шеран 8 мартан хьолехь Нохчийн АО йукъайогӀу 1 гӀтп — Гуьмсе — 14 гуо[9][10]:

  1. Асламбекан — Соьлжа-ГӀала
  2. Веданан — Ведана й.
  3. Галанчожан — Галанчож й.
  4. Гуьмсан — Ойсхара й.
  5. Итон-Кхаьллан — Итон-Кхаьлла й.
  6. Керла-Нохчийн — Эна-Хишка й.
  7. Нажи-Йуьртан — Нажи-Йуьрт й.
  8. Теркан — Лаха-Невре й.
  9. Хьалха-Мартанан — Хьалха-Марта й.
  10. Чурт-ТогӀин — Чурт-ТогӀи й.
  11. ЧӀебарлойн — Чубаьхкинарой й.
  12. Шаройн — Шара й.
  13. Шелан — Шела й.
  14. Шуьйтан — Шуьйта й.

1929 шеран 11 февралехь административан дакъош даккхийра динера 5 гуо дӀабаьккхина[9][10][11]:

1929шеран 4 апрелехь Нохчийн АО йукъа йелира Соьлжин гуо[9].

Иштта 1929 шарахь Нохчийн АО йукъатуьйхира Соьлжа-ГӀала[9].

1929 шеран 14 февралан хьолехь Нохчийн АО йукъахь йара 1 гӀала — Соьлжа-ГӀала — 10 гуо (йаккхий йинчул тӀаьхь)[10]:

  1. Веданан — Ведана й. — 25 сельсовет
  2. Гуьмсан — Гуьмсе й. — 21 сельсовет
  3. Итон-Кхаьллан — Итон-Кхаьлла й. — 18 сельсовет
  4. Нажи-Йуьртан — Нажи-Йуьрт й. — 18 сельсовет
  5. Соьлжан — Сипсо-ГӀала — 11 сельсовет
  6. Теркан — Лаха-Невре й. — 13 сельсовет
  7. Хьалха-Мартанан — Хьалха-Марта й. — 24 сельсовет
  8. Чурт-ТогӀин — Чурт-ТогӀи й. — 5 сельсовет
  9. Шелан — Шела й. — 12 сельсовет
  10. Шуьйтан — Шуьйта пос.— 26 сельсовет

1930 шеран 30 апрелехь Галанчожан гуо меттахӀоттийра[9].

1931 шеран 30 сентябрехь берриг 11 гуонах Нохчийн АО йира кӀошташ[12].

1932 шарахь йира Шаройн-ЧӀебарлойн кӀошт (ДӀай й.).

1932 шеран хьолехь областан йукъа йогӀура 1 гӀала — Соьлжа-ГӀала — 12 кӀошт[9]:

  1. Веданан — Ведана й.
  2. Галанчожан — Галанчож й.
  3. Гуьмсан — Гуьмсе
  4. Итон-Кхаьллан — Итон-Кхаьлла й.
  5. Нажи-Йуьртан — Нажи-Йуьрт й.
  6. Соьлжан — Сипсо-ГӀала
  7. Теркан — Лаха-Невре й.
  8. Хьалха-Мартанан — Хьалха-Марта й.
  9. Чурт-ТогӀин — Чурт-ТогӀи й.
  10. Шаройн-ЧӀебарлойн — ДӀай й.
  11. Шелан — Шела й.
  12. Шуьйтан — Шуьйта пос.

Бахархой

1926 шеран Йерригсоюзан бахархойн багарбаран жамӀашца, регионан бахархойн барам 309 860 [1] стаг. Бахархойн къоман хӀоттам иштта дӀасабаьржина бара.[13]:

Къам Бахархой, ст. Бахархойх дакъа, %
Нохчий 291 259 94,0
Оьрсий 9 122 2,9
ЖӀай 2 793 0,9
ГӀумкий 2 130 0,7

Ӏедалан меженаш

РКП(б)/ВКП(б) обкоман жоьпаллин секретараш

Билгалдахарш

  1. ↑ 1,0 1,1 Всесоюзная перепись населения 1926 г. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 4 январехь
  2. ↑ Всесоюзная перепись населения 1926 г. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 4 октябрь.
  3. ↑ Карта Терской области 1898 года. www.etomesto.ru. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 15 январь.
  4. ↑ Карта Кавказа 1:2М. retromap.ru. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 15 январь.
  5. ↑ Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю – Донская Государственная Публичная Библиотека – Vivaldi. vivaldi.dspl.ru. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 15 январь.
  6. ↑ Поселенные итоги переписи 1926 года по Северо-Кавказскому краю – Донская Государственная Публичная Библиотека – Vivaldi. vivaldi.dspl.ru. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 15 январь.
  7. ↑ Алиева Анжела Булатгаджиевна. Административные реформы в Дагестане в первые годы советской власти // Известия Дагестанского государственного педагогического университета. Общественные и гуманитарные науки. — 2008. — Вып. 1. — С. 19–24. — 1995-0667.
  8. ↑ Очерки истории Чечено-Ингушской АССР с древнейших времен до наших дней 1917-1970 годы / Глав. редактор М. С. Тотоев. — Грозный, 1972. — 359 с.
  9. ↑ 9,0 9,1 9,2 9,3 9,4 9,5 9,6 Всемирный исторический проект. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 3 декабрехь
  10. ↑ 10,0 10,1 10,2 Основные статистические данные и список населенных мест Чеченской автономной области 1929—1930
  11. ↑ Постановление ВЦИК от 11.02.1929 «Об изменениях в окружном делении Чеченской автономной области». ТӀекхочу дата: 2019 шеран 3 сентябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2019 шеран 16 январехь
  12. ↑ Административно-территориальное деление ЧИАССР на 1 января 1941 года Государственный архив Республики Ингушетии
  13. ↑ Всесоюзная перепись населения 1929 г. Национальный состав. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 9 октябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2012 шеран 4 январехь
  14. ↑ Возможно Назаревич, Александр Фёдорович, комсомольский деятель на Северном Кавказе в 1920—1925 годах, впоследствии известный фольклорист [1] с. 34, [2], [3]
  15. ↑ 15,0 15,1 Бугаев А. М. Советская автономия Чечни
  16. ↑ 16,0 16,1 16,2 16,3 16,4 16,5 16,6 Справочник по истории Коммунистической партии и Советского Союза 1898—1991
  17. ↑ Аксаев Е. Д. Армавир. Краснодарское книжное из-во 1976. 104 c.
  18. ↑ РЕЭ
  19. ↑ ЦентрАзия

Хьажоргаш

Билгалдахарш