Чулацаман тӀегӀо

Конгрив, Уильям

Мегавики чуьра гӀирс
Конгрив Уильям

Конгрив Уильям (William Congreve; 24 январь 1670 — 19 январь 1729, Лондон) — классицизман муьран ингалсан драматург, лаьттина британин амалийн комедийн хьостехь, цӀе а тиллина «ингалсан Мольер» аьлла. Цуьнан пьесаш къаьста суьйнаш туьйсучу хьекъалан диалогашца, модан тайпанаш сатирица кховдор, стюартгӀеран Реставрацин претенцин леларшка аьшнаш йарца хьажар.

Биографи

Конгрив кхиина, дешна Ирландехь. Дублинан Тринити-колледжехь цуьнан накъост вара Джонатан Свифт. Сийлаллин революцил тӀаьхьа КонгривгӀар охьахевшира Стаффордширехь, ткъа жима къуонах хьажийра Лондоне юридичеси стажировке. Бакъо Ӏаморан дешаран меттана цуо псевдонимца 17 шо долуш ша йазйина йайн «Ца йевзарг» пьеса арахийцира. Иза тидаме ийцира, ингалсан литературин чам бевзачу, законаш кхуллучо — Драйден Джона. 1693 ш. Конгрива а, Драйдена а цхьаьна болхбира Персий а, Ювенал а сатираш гочйеш.

1693 шеран мартехь Конгриван цӀе къевкъира йерриг Лондонехь: цуьнан хьалхара «баккхийчеран» пьеса, цамгарах туолучу хенахь йазйина йолу, «Зуда йалонза къанвелларг», хӀоттийра сийдолчу Друри-Лейн театрехь, сценин тӀиера шина кӀирнах дӀа а ца йелира, иза оцу заманахь наггахь бен хуьлуш боцу аьтту бара. Драйдена кхайкхийра «Зуда йалонза къанвелларг» шен заманан уггаре дика театран дебют, ваккхийверца йазйира волалучу авторо «Шалха ловзар» цӀе йолчу кхоалгӀа пьесан чувалар. И пьеса хӀоттийра декабрехь, къегина йолу драматургин говзалле хьаьжна ца Ӏаш, чолхе мах хадийра коьрта шахьран театран мах бевзачара.

1694 шарахь паччахьан Друри-Лейн театран труппехь къаьстамаш хилира, паччахьан дийзира цхьа дакъа актёраш керлачу театре Линкольн-Инн-Фильдсе дехьабаха. Иза дӀайиллира 1695 шеран апрелехь, конгриван «Безаман дуьхьала безам» цӀе йолчу пьесица, цуьнан боккха аьтту хилира. Драматурган кховдийра театран куьйгаллехь меттиг, ткъа цуо дош лора хӀора шарахь цхьацца пьеса театран йала.

«Иштта лела дуьненахь» цӀе йолу дуьххьарлера комеди арахецар (1700)

Конгрива паччахь-аьзни Мария йаларан элеги йазйинчул тӀаьхьа цуьнан белхаш безарш хилира британин йукъараллин лакхарчу чкъоьрашна йукъахь а, йелира цунна лакхара алапа долу синекура акцизан урхаллехь. Моде йовлуш йара оцу хенахь риторикан бохамаш, тӀакха 1697 шарахь Конгрива гайтира шен зиеделларг оцу балхехь цӀе тиллина «ЧӀир лелон нускал». ТӀаьхьа и пьеса наггахь бен ца хӀоттайахь а, амма оцу хенахь боккха аьтту болуш йара иза.


Хьост