Чулацаман тӀегӀо

Кенхи-эхк

42°40′35″ къ. ш. 45°54′06″ м. д.HGЯO
Мегавики чуьра гӀирс
Кенхи-эхк
оьрс. Кенхи
Сурт
Амал
Дохалла 16 км
Бассейн 106 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Локхалла 2336 м
 • Координаташ 42°35′50″ къ. ш. 46°00′01″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Шара-Орга
 • Эрк чекхдолу меттиг 48 км аьтту бердаца
 • Локхалла 1115 м
 • Координаташ 42°40′35″ къ. ш. 45°54′06″ м. д.HGЯO
Хин охьане 76,3 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Шара-Орга (эрк)  → Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошт Шаройн кӀошт
Код ПХР чохь 07020001212199000000040
Кенхи-эхк (Нохчийчоь)
— хьост, — хикхоче
Карта

Кенхи-эхк (нохч. — «кӀайн хи»[1][2][~ 1]) — Российн ломан эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикин Шуьйтан кӀоштахула. Шара-Орган аьтту га[3][4].

Географи

Кенхи-эхк схьадолу Лайн дукъан басера. ОхьадогӀу къилбаседа-малхбузехьа. Эркан хикхоче ю Шара-Орган хикхочел 48 км лакхахь, аьтту бердаца. Эркан дохала – 16 км[5], хи гулден майда — 106 км²[6].

Эркан тӀехь лаьтта эвланаш: Анни, Бицухе, Гайдхе, Етмуткатли, Кататла, Кабардатли, Кенхи, Кири, РагӀхьалхие, Хилиди. Кенхи-эхкан геннаш: Бути эрк, ЧIад-Ара[4].

Хин объектан система: Шара-Орга → Орга → Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд.

Хин реестрах хаамаш

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца йукъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуонан, эркан хин бахаман дакъа — Соьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин йукъ [6].

Билгалдахарш

Комментареш
  1. ↑ В чеченском языке «хи» может обозначать как воду, так и реку. В. П. Кобычев связывает «хи» с рекой.
Хьосташ
  1. ↑ Ахмадов Я. З. Очерк исторической географии и этнополитического развития Чечни в XVI—XVIII веках. — 2009. — с. 142
  2. ↑ Кобычев В. П. Города, селения, жилища //Культура и быт народов Северного Кавказа. — М. : Наука. — 1968. — С. 91-150.
  3. ↑ Лист карты K-38-56 Кенхи. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
  4. ↑ 4,0 4,1 Реестр зарегистрированных в АГКГН географических названий объектов на 23/12/2011. Чеченская Республика
  5. ↑ О водоохранных зонах и прибрежных защитных полосах водных объектов Чеченской Республики
  6. ↑ 6,0 6,1 Государственный водный реестр РФ: Чадыри. Архивйина 2012 шеран 22 августехь