Чулацаман тӀегӀо

Иэсан а, тезетан а де

Мегавики чуьра гӀирс
Иэсан а, тезетан а де
Файл:Свеча памяти в Музее Победы.jpg
Терахь 22 июнехь
Бахьна Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болабелла хан
Бохам баьлларг
Кхе йинарг (ш) Нацистийн Германин тӀеман зуламхой
Суьдан процесс Нюрнберган процесс

Иэсан а, тезетан а де — Российн хӀокху заманан историн бохаман иэсан де. 1941 шеран 22 июнехь нацистийн Германи а, цуьнан бартхой а тӀелетира ССРС, вайн халкъ хӀаллак дан долийра. Советийн халкъо дуьхьала Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом болийра, тӀелеттарш хӀаллак бира, амма дӀаделира миллионашкахь бахархойн синош, толам баккхархьама. Цундела хӀора шарахь 22 июнехь Россехь, Белоруссехь, советийн хиллачу кхечу мехкашкахь хуьлу иэсан мероприятеш[1].

ТӀамехь белла 26,6 млн советийн гражданин (царех 8,7 млн стаг вина тӀеман арахь; 7,42 млн — вийна нацисташа оккупаци йиначу мехкашкахь; 4,1 млн — велла мацала оккупаци йиначу мехкашкахь; 5,27 млн стаг — дӀавигина Германе). Нацисташа ССРС йохийна 1,7 эзар гӀала а, посёлок а, 70 эзар гергга йуьрт а, эвла а, пачхьалкхан, бахархойн йина харж 679 миллиард сом (1941 шеран мах)[2].

Росси

1996 шеран 8 июнехь даьлла № 857 Российн Федерацин Президентан Ельцин Борисан омарца Россехь 22 июнь кхайкхийна «Иэсан а, тезетан а де».

Файл:Мероприятие в День памяти и скорби.jpg
Иэсан а, тезетан а дийнахь вист ца хиларан минот (2023)

Оцу дийнахь кхайкхайо йерригроссийн вист ца хиларан минот беллачеран иэсан, ССРС и иэшам хилла Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь, пачхьалкхан учрежденийн гӀишлош тӀера пахьалкхан байракхаш охьайохуьйту, ТӀХӀФ кеманашна тӀера — Андрейн байракхаш, нах бехачу гӀишлош тӀе тезетан асанаш йолу байракхаш ухку. Оьздангаллин учрежденешкахь, телевизионехь а, радиохь а самукъане передачаш ца йо[3].

Ша болучу махкахь дӀайоьду иэсан мероприятеш, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамехь беллачарна иэсаш тӀе зезагаш дохку, «Иэсан вахта» а, «Иэсан чиркх» а акцеш дӀайоьду[4]. Башха и де даздо ТӀеман ницкъийн а, Росгвардин а тӀеман дакъошкахь. Масала 2024 шарахь БТӀОхь дакъа лоцу росгвардихоша, иэсан дийнал хьалха дакъа лецира «Иэсан беш» акцехь, ДХР паркашкахь а, скверашкахь а дитташ дуьйш[5].

Белорусси

Белоруссехь и де даздо «Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман дерриг къоман де» санна (белор. Дзень усенароднай памяці ахвяр Вялікай Айчыннай вайны)[6]. ТӀаьхьо цӀе хийцира «Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман а, белоруссин халкъан геноцидан а дерриг халкъан иэсан де» аьлла.

Украина

Украинехь де чӀагӀдина президентан омарца 2000 шеран 17 ноябрехь «ТӀамах зулам даьллачеран тезетан де». 2014 шарахь пачхьалкхан карчам бинчул тӀехь, РФ АГӀМ официалан векалан Захарова Мариян дешнашца, махкахь кхоьллира «оццу бустамца кхоьллира нацизм», 22 июнь го кхечу контекстехь[7]. Наггахь леладо Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман турпалхой бех беш[8].

Хьажа кхин а

Билгалдахарш

  1. ↑ Федеральный закон от 13 марта 1995 г. № 32-ФЗ «О днях воинской славы и памятных датах России». Kremlin.ru. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 9 февраль. Архивйина 2021 шеран 26 ноябрехь
  2. ↑ День памяти и скорби — день начала Великой Отечественной войны. РИА "Новости" (2020 шеран 22 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 21 июнь.
  3. ↑ Указ Президента России от 8 июня 1996 года № 857. Предпринимательское право (1996 шеран 8 июнь). ТӀекхочу дата: 2009 шеран 22 июнь. Архивйина 2012 шеран 18 июлехь
  4. ↑ День памяти и скорби. 83-я годовщина начала Великой Отечественной войны. Как советские граждане узнали о нападении. РБК (2024 шеран 14 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 21 июнь.
  5. ↑ В преддверии Дня памяти и скорби росгвардейцы в ДНР присоединились к акции «Сад памяти». "Росгвардия" (2024 шеран 21 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 21 июнь.
  6. ↑ День всенародной памяти жертв Великой Отечественной войны в Беларуси. Министерство обороны Республики Беларусь. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 12 февраль. Архивйина 2021 шеран 21 майхь
  7. ↑ Официальный представитель МИД России М.В.Захарова: О Дне памяти и скорби. Фонд поддержки и защиты прав соотечественников, проживающих за рубежом (2024 шеран 21 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 21 июнь.
  8. ↑ В Киеве накануне Дня памяти и скорби осквернили знаменитый монумент "Родина-мать". "Беларусь 1" (2020 шеран 20 июнь). ТӀекхочу дата: 2024 шеран 21 июнь.

Хьажоргаш