Чулацаман тӀегӀо

Зока

Мегавики чуьра гӀирс
Зока
Содержит напиток[d]
Имеет форму Цилиндр[d]
Изображение
Сделано из керамика[d]
РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь

Зока[1] — тӀам болуш боккха стака.

Зокан кеп дӀасакъаьстинчу конусана йа цилиндрна герга йогӀу, иза тайп-тайпана йу, наггахь гӀап йолуш хуьлу. Дуккхачу хьолехь зокан чухоам 250—500 мл хуьлу.

Зока — стаканал, кубокал, стопал, братинал, боккхачу стаканал йоккха малар молу пхьегӀа йу. Легаца стака, наггахь хьаьжкӀаш а, хьарчар а долуш. (В. И. Далан «Толковый словарь живого великого русского языка» тӀера).

Зокийн тайпанаш:

  • Куьзганан
  • Керамикин
  • Фарфоран
  • Дечиган
  • Алюминин
  • Пластикин
  • Эчиган эмал тоьхна
  • Термозокаш (металлан йа керамикан (масала, фарфоран) шалха пенаш долу мини-термосаш, чулацаман температура латтайо йеххачу хенахь, рогӀера цхьана пенан зокашца дуьстича).

ХӀинцалера технологийн зокаш — техникин агӀор маларш Ӏалашдарна а, лелорна а лерина хилла ца Ӏаш, температуран режим латторан Ӏалашонца а йолу хӀума йу (термокружкаш).

  • Хамелеонан зокаш йу. Царна чу йовха малар хьаькхначул тӀаьхьа, церан арахьарчу тӀегӀанан бос хийцабала тарло, йа хьалха бӀаьргана ца гуш хилла кеп гучуйала тарло цу тӀехь.
  • блендер зокаш. Царна чохь батарейкаца болх беш йолу микромотор йу, цуо аьтто бо чулацам эффективно хийца.
  • ДӀа ца йоьду зокаш. Леррина берийн пхьегӀаш, кадах, стаканах йа шишанах тера йолу, дукхахьолахь дӀайохуш йолу легаш а долуш.

Билгалдахарш

  1. ↑ Берсанов Х.А. Нохчийн меттан шира дешнаш(нох.). — Соьлжа-ГIала (Грозный): ФГУП «ИПК «Грозненский рабочий», 2016. — 95 а.