Чулацаман тӀегӀо

Данди

56°27′ къ. ш. 02°59′ м. д.HGЯO
Мегавики чуьра гӀирс
ГӀала
Данди
инг. Dundee,
гэлийн. Dùn Dèagh, скот. Dundee
Сурт
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
56°27′ къ. ш. 02°59′ м. д.HGЯO
Пачхьалкх  Йоккха Британи
Регион Шотланди
Гуо Данди-Сити
Истори а, географи а
Майда 49,9 км²
Центран локхалла 18
Климатан тайпа ХӀодан йистера барамера
Сахьтан аса UTC+0, аьхке UTC+1
Бахархой
Бахархой ▲ 148 330 стаг (2016)
Луьсталла 2972 стаг/км²
Официалан мотт Ингалсан мотт, шотландский язык[d]
Идентификаторан терахьаш
Телефонан код +44 1382
Поштан индексаш DD1-DD6
dundeecity.gov.uk
Картин тӀехь
Данди картин тӀехь
Данди
Данди картин тӀехь
Данди

Данди́ (инг. Dundee [dʌnˈdiː], гэлийн. Dùn Dèagh, скот. Dundee) — Шотландиш шен бармца йоьалгӀа гӀала. Данди-Сити гуонан административан йукъ.

Йукъара хаамаш

Лаьтта мехкан малхбален берд йистехь, айман Ферт-оф-Тейн къилбаседа берд тӀаьхь. Къилба бердца йихкина автомобилан а, сингаттамца девза цӀерпоштнекъан тӀаца.

Тахана Дандех олу кхин а City of Discovery («дӀайелларан гӀала»), гӀалин историца, иза йоьзна Скотт Роберт Фолконан Ӏилман жигараллица, цуьнан талламан кема «Дискавери» дина Дандехь 1901 шарахь хьалхарчу экспедицин капитан Скоттан Антарктике, хӀинца лаьтта якорь тӀаьхь гӀалин дӀатосийлехь.

Биомедицина а, болатан технологин промышленность а кхиа йолайелира 1980-гӀа шерашкахь. ГӀалахь лаьтта ши университет — Университет Данди а, Университет Абертей а.

Истори

Данди малхкхетачу хенахь

ГӀала лаьтта тӀапломан акъари тӀаьхь, цуьнан локхалла 174 м. Дуьххьара хахийна XII бӀешо чекхдолуш — XIII бӀешо долалуш. ТӀаьхьарчу бӀешерашкахь иза масийттаза шотландхойн карара ингалсхойн кара а, йуханехьа а йелира. Йуккъера бӀешерашкахь бахархошна уггаре ладаме дара чӀерий лецар. Кхузахь генара схьа кхуьура шотландхойн киташ дайаран флот. XIX бӀешо долалуш кхолла йолийра кӀадешдаран предприятеш — дӀадиллира джутан хьесий, кечдо хьесап китан махьаран гӀоьнца. 1894 шарахь Дандин йелла бакъонаш паччахьан бурган. XIX бӀешеран шолгӀачу декъехь гӀалахь йукъйевлира кхин кӀадийн фабрики — цара дора кӀадеш тӀаргӀанах, воьтанах, бамбанах. XX бӀешеран шолгӀачу декъера Данди чӀагӀлора дешаран а, Ӏилманан а йукъ санна. Кхузахь жигара кхуьура хаамийн технологеш, талламан йаккъашкахь а, промышленностан предприятеш а бо таллама биотехнологешца. Масех шира гӀишло чекхйаьлла гӀалин промыленность кхиарх:

  • гӀалин кевнаш (Ист-порт);
  • кхо килс, дӀайаьхьна гӀалин йуккъе, Ӏалаш йо цхьаьна ангалин тхьов кӀелахь.

ГӀаланаш-вежарий

Данди гӀала-ваша йу лахачу гӀаланийн:

Спорт

Футбол

Дандех шиъ говзаллин футболан клуб йу: «Данди» (1893) а, «Данди Юнайтед» (1909) а. Ший а клуб хӀинца ловзуш йу Шотландин Премьершипехь. Церан стадионаш «Денс Парк» а, "Таннадайс Парк" а вовшашна бӀе метр генахь йу, вовшашна уллехь йу ЙоккхаБританин кхечу стадионел. Оцу командийн дерби – уггаре лабен хилам бу шотландин футболе.

«Денс Парк»

Хоккей

Дандехь хоккейн клуб "Данди Старс" йу, иза ловзуш йу Британин элитин хоккейн лигехь 2010/2011 шарахь дуьйна[1]. "Данди Старс" Шотландин кхаа говзаллин командех цхьаъ йу. 2013/2014 шарахь командо йаьккхина цкъачунна цхьа хӀонс - Гардинеран конференцин хӀонс.

Климат

Данди гӀалахь климат барамера-йовха. Боккха йочанийн барам, уггаре декъа беттанашкахь а. Кёппенан климатийн классификацица — хӀордан климат цхьабосса тӀунйеш а, йовхачу аьхкенца а (индекс Cfb). Йуккъера шеран температура йу 8,3 °C, шарах йогӀу 673 мм гергга йочанаш.

Данди климат
Гайтам Янв. Фев. Март Апр. Май Июнь Июль Авг. Сен. Окт. Нояб. Дек. Шо
Юьззина максимум, °C 14,6 15,2 18,3 22,9 23,7 27,8 28,2 28,7 25,0 22,8 16,7 14,5 28,7
Юккъера максимум, °C 6,0 6,5 8,6 10,9 13,9 16,8 19,0 18,9 15,9 12,4 8,7 6,7 12,0
Юккъера температура, °C 2,4 2,5 4,9 7,4 10,1 13,7 14,7 14,0 12,0 8,9 5,2 3,3 8,3
Юккъера минимум, °C 0,5 1,0 2,1 3,7 6,1 8,7 10,8 10,7 8,6 6,1 2,7 1,3 5,1
Юьззина минимум, °C −17,1 −11,2 −10 −4,4 −2,3 −0,7 2,8 1,7 −0,6 −3,4 −10,4 −12,7 −17,1
Йочанан норма, мм 67 45 48 42 41 51 55 64 63 65 51 61 673
Хьост: KNMI, [1]

Билгалдахарш

  1. ↑ Dundee Stars join top UK league (2010, 28 апрель). Архивировано 20 ноябрехь 2021 года. Дата обращения: 20 ноябрехь 2021.

Хьажоргаш

  • Дунди // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.