ГӀий
ГӀий — йакъийна йа кечйина кхаьлли, лелайо йагорг меттана (масала, пешахь йагайо чоь йохйан йа йуург кечйеш). Масала, этнографан а, географан а М. Песселан тешаллица, Гималайшкахь хӀусаман пешахь «йагорг меттана лелабо — якийн гӀий, цу тӀе, богучу хенахь, цуо хаза хьожа йолуш кӀур боккху».
Кечбар а, лелор а
Сурт хӀоттийна Малхбузан Сибрехан бахархоша гӀий кечбаран масалца:
Кхаьлли иэйо ченца, масех дийнахь лоттийта, бахархоша белхи бо — «гӀий кхоьхьу» — дукха хьолахь бераш а, зударш а, баккхий наха а, болх тӀех хала бац. Кхаьллийн-чен иэдар хьошу наха, дукха хьолехь когаш Ӏуьйра, цул тӀехьа кепа туху. ХӀора стеган шен кеп йу, дукхаха болчеран кепаш дайшкара охьайогӀуш йу. Иза йан хала дац, делахь а оцу меттигехь кӀезга долу аннех йан йеза. ГӀийн кеп гур бу 70 см гергга беха, 50 см шуьйра, 25 см лекха тӀам а болуш. Кеп хӀоттайо ши-кхо метр уллехь поппарна.
Кхин дӀа: бай тӀехь бакъабалийта кепа тоьхна гӀий малхехь бакъабала беза масех дийнахь. Цундела харжа деза догӀанаш доцу денош — уьш хоржу халкъо тидам барца. Бакъабелла гӀий, байн а, онда а бу, вовшахтоьхчи а, лахара охьабоьжчи а боха ца буху.
ТӀеххьара: гӀий дӀахьо куьйга тотту ворданахь йа говрворданахь, бахаман керта, цигахь дӀайохку пирамида кепара цхьа-ши метр лакха.
Нохчийчохь даьхьна кертахь гулйолийтий кхаьллий, белаца охкуш гӀий боккху.
Бай-аренан къаьмнашна йукъахь коьртачу декъана уьстагӀийн кхаьллех бо. УьстагӀий (йа гезарий) кертадоьхкинчу хенахь кхаьллий дӀа ца йоккху, амма шаьш уьстагӀаша охьтаӀийна, цхьанатайпанара а, чӀогӀа а массане йерзало. Хенан йохалла и масса совйолу локхаллехь. И бахьана долуш керт цӀанйан йезаш хуьлу. Кхаьллий кегийчу квадраташка йоькъа, гергарчу хьесапехь 30х30 см, тӀаккха масех кӀиранах я баттахь малхехь дӀа а йохкий, гулйо. И гӀий кӀоранах тера бу, цундела иза цӀахь лело дика йагориг йу, амма цхьа кхачамбацар ду иза йагийначул тӀаьхьа дукха АшӀаш а йуьсу, товш йоцу хьожа а йуьсу.
Нагахь кхаьллий шен хеннахь дӀа ца йаккхахь, тӀаккха иза йакъалур йу, байданаш тӀехь, дежийлаш дохор ду даьхнашна.
Галерей
-
Керла бежанан кхо
-
Монголийн гӀий лахьо тускар
-
Бежнийн кхаьллий йагорган йакъайо ХӀиндехь
-
Цийчоьнан Юньнань провинцехь цӀийнан пена тӀехь гомашан кхаьллий йакъор
Билгалдахарш
Литература
- Кизяк // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Werner Nachtigall: Lebensräume. Mitteleuropäische Landschaften und Ökosysteme. BLV Verlagsgesellschaft, München, 1986(нем.) ISBN 3-405-13254-1
- Alain Raveneau: Le livre de la vache. Paris, Rustica, 1996(франц.) ISBN 2-84038-136-2
ХӀокху йаззаман тӀе РУВИКИн кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |