Файл:Pallid cuckoo.ogv
Бебунаш , йа бебу йа аттйокх (лат. Cuculidae ) — хьозакепарчеран гергара бебукепара тобанера олхазарийн доьзал . Уггаре йевза доьзалан векал — ма-дарра бебу . Антарктида йоцург, йерриг континенташ тӀехь йу. Йисттера къилбаседехь а, Къилбаседа Америкин къилба-малхбузехь а, Гергара Малхбален а, Къилбаседа Африкин а тӀех йекъа регионашкахь а йац. Доьзалан цхьацца тайпанаш кхелха[ 1] .
ТӀехулара куц
Йозаллин а, йоккхаллин а барам техка 17 гр а, 15 см а тӀера (Chrysococcyx minutillus ) 630 гр а, 63 см а кхаччалц (Ӏаламате бебу )[ 2] . Ладамечех доьзалан цхьа башхал когаш ду: ши пӀелг хьалха бирзина бу, ткъа шиъ – тӀехьа. Дерриг аьлча санна векалийн деха цӀога хуьлу, цуо йодуш а, тӀема йоьдуш а кадолийта. ТӀемийн кеп хийцало дахаран кепе хьаьжжина: кхелха олхазарийн тӀемаш деха а, готта а хуьлу, кхечеран — доцуо а, гоьргуо а хуьлу.
Галерей
Билгалдахарш
↑ Cuckoo Tracking Project (бил-боцу.) . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 9 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 9 ноябрехь
↑ Payne R. B. (1997) "Family Cuculidae (Cuckoos)", pp. 508–45 in del Hoyo J, Elliott A, Sargatal J (eds) (1997). Handbook of the Birds of the World Volume 4; Sandgrouse to Cuckoos Lynx Edicions:Barcelona. ISBN 84-87334-22-9
Хьажоргаш
Видео кукушки в интернет-коллекции птиц
Кукушки // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб. , 1890—1907.
Бебу — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу.
Арахьара ресурсашна тӀе хьажоргаш
Дошамаш а, энциклопедеш а
Таксономи Библиографин каталогашкахь