Балл Балл. Заз даьлла доккха диттан кеп
Prunus subgen. Cerasus (Mill. ) A.Gray , 1856
ХӀара йаззам бу
Cerasus бухара тайпанан ораматех лаьцна. «
балл » дош йукъахь долу кхин ораматех лаьцна, хьажа
Балл (маьӀнаш) .
Балл (лат. Prúnus subg. Cérasus ) — Ровзанаш (Rosaceae ) бухара тайпанера Слива (Prunus ) доьзалан ораматан тайпа.
ЦӀеран истори
Латинийн маттахь лат. viscum «олхазарийн хьаьхьамч» хуьлу.
Фарнакина а, Трапезундна а йуккъехь лаьтта жима Керасунда шахьар (желт. Κερασουντα )[ 1] , гӀарайаьлла шен баьллашца. Нисса цигахь гина румхошна баьллаш, цара цӀе йелира царна «керасундан стоьмаш» аьлла, лат. cerasi . Кхузара схьадаьлла итал. ciliegia , фр. cerise , испан. cereza , порт. cereja , нем. Kirsche , инг. cherry , оьрс. черешня [ 2] .
Ботаникин сурт хӀоттор
Ма-йарра балл . «Köhler’s Medizinal-Pflanzen » жайнин тӀиера ботаникан сурт , 1887
Cerasus бухара тайпа къаьста кхечу Prunus бухара тайпанех (Armeniaca — туьрк , Prunus — хьач , Emplectocladus ) тӀаьхьарчу хьесапашца:
стом (лаг ) шера, тача доцуш;
гӀаш патарбиллар дохаллехь;
заза лаьтта четаршца , масех заза цхьаьна а долуш;
Баьллийн заза кхуьй гӀашца нисса йа хьалхо;
Зазан дукха хьолехь пхи жаз хуьлу, амма сих-сиха хаало йалх жаз долу заза а.
Систематика
Бухара тайпа доькъу шина декъе — Cerasus а, Laurocerasus а, царна чу йогӀу 60 кеп[ 3] .
Цхьацца кепаш
Баьллан заза
Жимахерх кепара баьллан заза далар
Лавран баьллаш заза далар
sect. Cerasus [ 4]
Самукъане факташ
Баьллан заза далар
Балл тӀера гӀа дожжалц, мел дукха ло дилларх, йойаларо иза эккхор ду. Халкъан билгало [ 5] .
Барбадосан балл таксономица дикка гена йу вайн йукъара баьллана: и орамат кхечу доьзалера хила ца Ӏаш, амма кхечу могӀанера а йу.
Билгалдахарш
↑ В настоящее время город называется Гиресун (турк. Giresun )
↑ Талах, В. Рождённый под знаком кометы: Митридат Эвпатор Дионис. — Одесса, 2006.
↑ Балл (ингалс.) : хаамаш сайт тӀехь GRIN .
↑ Species Records of Prunus sect. Cerasus (бил-боцу.) . GRIN. ТӀекхочу дата: 2014 шеран 20 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 24 сентябрехь
↑ Стрижёв А. В. Календарь русской природы. — 3-е изд., перераб. — М .: Моск. рабочий, 1981. — С. 211.
Литература
Вишня // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб. , 1890—1907.
Анзин Б. Н. Вишня и слива . — М .: Московский рабочий , 1955. — 144 с.
Вишня // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров . — 3-е изд. — М . : Советская энциклопедия, 1969—1978. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ).
Вишня / Куленкамп А. Ю. // Большая российская энциклопедия [Электронный ресурс]. — 2019.
Хьажоргаш
Арахьара ресурсашна тӀе хьажоргаш
Дошамаш а, энциклопедеш а
Таксономи