Байсултанов Одес Хасин воӀ
| Байсултанов, Одес Хасин воӀ | |||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| Байсултанов, Одес Хасин воӀ | |||||||
|
|||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | дарж кхоьллина | ||||||
| Когаметтаниг | дарж дӀадаьккхина | ||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | дарж кхоьллина | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Кадыров Рамзан | ||||||
| Когаметтаниг | Эдельгериев, Руслан Сайд-Хьусайнан воӀ | ||||||
|
|
|||||||
| Дин | суннизм | ||||||
| Вина терахь | 1965 шеран 17 январь (61 шо) | ||||||
| Вина меттиг | ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Гуьмсан кӀошт, Иласхан-Юрт, | ||||||
| Парти | Цхьааллин Росси | ||||||
| Дешар | Толстой Л. Н. цӀарах НГӀПУ | ||||||
| Динлелор | ислам (суннийн кхетаман) | ||||||
| СовгӀаташ | |||||||
| Пачхьалкх | |||||||
| РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь | |||||||
Одес Хасин воӀ Байсултанов (оьрс. Одес Хасаевич Байсултанов; 1965 шеран 17 январь, Гуьмсан кӏошт, Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республика) — россин пачхьалкхан гӀуллакххо. Россин Федерацин спортан министран хьалхара гӀовс (2024 шарахь дуьйна). Россин Федерацин жигара пачхьалкхан хьехамча, 1-ра классан а, экономикан доктор а (2006)[1].
Биографи
Вина 1965 шеран кхолламан беттан 17-чу дийнахь Белоречье йуртахь (хӀинца Иласхан-Йурт) Гуьмсен кӀоштахь, Нохч-ГӀалгайн АССР. Цигахь лакхара ишкол а чекхйаьккхина цо[2].
1994 шарахь чекхйаьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан Л. Н. Толстойн цӀарах университетан физикин-математикин факультет. 2005 шарахь чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет «Пачхьалкхан а, муниципалан а урхалла» говзаллица. 2011 шарахь чекхйаьккхира Финансийн а, бакъонан а институт (ХӀинжа-ГӀала).
Карьера
1989 шеран бекарг беттан 1990 шеран хӀутоссург батте кхаччалц — Соьлжа-ГӀалин «Мичуринец» кооперативан лакхара экспедитор[3].
1990 шеран хӀутоссург беттан 1992 шеран товбецан батте кхаччалц — жима предприятин «ӀАМАн» йохкаран декъан хьаькам.
1992 шеран эсаран беттан дуьйна 20 шарахь болх бина Нохчийн Республикин Правительствехь. Нохчийн Республикин Йуьртабахаман министраллин механизацин а, электрификацин а декъан коьрта говзанча, Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а аппаратан материал-техника латторан декъан хьалхара а, коьрта а говзанча, Пачхьалкхан Урхаллин «Нохчийн Республикин Правительствон гӀишлонан урхалла» куьйгалхочун даржашкахь хилла.
2004 шеран асаран беттан 2006 шеран бекарг батте кхаччалц — Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а гӀуллакхийн урхалча — Нохчийн Республикин министр.
2006—2012 шерашкахь — Нохчийн Республикин председателан хьалхара заместитель, цул тӀаьхьа Правительствон председатель.
2012—2014 шерашкахь — Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни гонехь йолчу йуьззина бакъо йолчу векалан гӀовс.
2014—2016 шерашкахь — Россин Федерацин Къилбаседа-Кавказан гӀуллакхийн министран гӀовс.
2016—2020 шерашкахь — Россин Федерацин Къилбаседа-Кавказан гӀуллакхийн министран хьалхара гӀовс.
2020—2024 шерашкахь — Россин Федерацин спортан министран гӀовс[4].
2024 шарахь дуьйна — Россин Федерацин спортан министран хьалхара гӀовс[1].
СовгӀаташ
- Кадыров Ахьмадан цӀарах орден;
- ПиластӀинан Пачхьалкхан Президентан Махьмуд Ӏаббасан мидал;
- Российн Федерацин Президентан Баркаллин кехат;
- Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехат;
- Нохчийн Республикин сийлаллин гражданин;
- «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал (2006);
- ДоттагӀаллин орден (2007)[5];
- Орден «ДегӀастан Республикана хьалха дика гӀуллакхаш дарна орден»;
- ГӀебарта-Балкхаройн Республикан сийлахь экономист;
- Сийлаллин Орден (2023 шо)[3];
- Нохчийн Республикан хьалхарчу Президентан, Ахмат-Хьаьжин Кадыровн иэсан» мидал (2024 шеран чиллин бутт 17-гӀа де)[6].
Доьзал
Зуда йалийна ву, ворхӀ беран да ву: пхиа йоьӀан а, шиа кӀентан а.
Билгалдахарш
- ↑ 1,0 1,1 Байсултанов Одес Хасаевич. www.minsport.gov.ru. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 8 июнь.
- ↑ Байсултанов Одес Хасаевич, Коммерсантъ (2021, 25 март). Дата обращения: 8 июнехь 2026.
- ↑ 3,0 3,1 Одес Байсултанов. www.roscongress.ru. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 8 июнь.
- ↑ Мишустин назначил нового замминистра спорта. www.news.rambler.ru/ (2020 шеран 11 февраль). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 8 июнь.
- ↑ О награждении орденом Дружбы О.Х. Байсултанова. www.pravo.gov.ru. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 8 июнь.
- ↑ Одес Байсултанов награжден медалью памяти Ахмата-Хаджи Кадырова. www.chechnya.gov.ru (2024 шеран 17 февраль). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 28 август.
- РУВИКИ:ФЦӀД кепаца хьажоргаш йоцу агӀонаш
- Бинарш 17 январехь
- Бинарш 1965 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Иласхан-Юртахь
- ДоттагӀаллин Орденан кавалераш
- «Нохчийн Республикин хьалха гӀуллакхаш дарна» мидал йелларш
- Нохчийчоьнан Сийлахь гражданаш
- Бинарш Гуьмсан кӀоштахь
- Нохчийчоьнан министраш
- Нохчийн пачхьалкхан университетехь дешнарш
- Нохчийчоьнан правительствон председателаш
- Экономикин Ӏилманийн кандидаташ
- Ӏилманчаш абатца
- Экономисташ абатца
- Ахьмад Кадыровн цӀарах йолу орденан кавалераш
- «Цхьааллин Российн» декъахой
- Российн Федерацин бакъболу пачхьалкхан 1 классан хьехамчаш