Чулацаман тӀегӀо

Бабуков, Владимир Георгиевич

Мегавики чуьра гӀирс

Категория:РУВИКИ:Кхелхина меттиг билгалйаьккхина йоцу адамашКатегория:РУВИКИ:Кхачамбацарийн кепаш йолу йаззамаш абатца

Бабуков Владимир Георгиевич
Файл:Владимир Бабуков.png
Вина терахь 1916 шеран 23 октябрь({{padleft:1916|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:23|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 2004-гӀа шо
Пачхьалкх
Дешар
Корматалла инженер
Да Георгий Захарович Бабуков
Нана Наталья Ивановна Бабукова
Зуда Наталья Васильевна
Бераш
  • Борис
  • Георгий
  • Наталья
СовгӀаташ

Бабуков Владимир Георгиевич (1916 шеран 23 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, Теркан область, Российн импери — 2004 шеран 23 январь) — «Грознефть» вовшахтохараллин мехкдаьтта а, газ а йаккхаран «Старогрознефть» урхаллин коьрта инженер, Социалистически Къинхьегаман Турпалхо[1].

Биографи

Дуьненчу ваьлла 1916-чу шеран эсаран беттан 23-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалахь. 1939-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан институтан мехкадаьттан промыслан факультет чекхйаьккхина. Беа баттахь мехкадаьттан промыслехь болх бинчул тӀаьхьа РККА кхайкхина. Белорусехь гӀуллакх деш хилла. ТӀом болабелча, цкъа хьалха 32-чу автотранспортан полка йукъахь а, цул тӀаьхьа 196-чу танкийн бригадин техникин гӀуллакхдаран ротин автотранспортан взводан отделенин буьйранчин даржехь а Малхбузен а, Йуккъерчу а, Калинински а фронташкахь тӀемаш бина. Дакъалаьцна Москвахь дуьхьало йарехь а, Ржев а, Вязьма а паргӀатйаккхарехь а[2].

1943-чу шеран асаран баттахь Пачхьалкхан оборонин комитетан сацамца фронтера схьа а кхайкхийна, говзанча-нефтяник санна «Грознефте» хьажийна. «Старогрознефть» трестехь болх бина. 1944-чу шарахь, шайна йукъахь Бабуков а волчу, «Старогрознефтан» говзанчийн тобано поднадвигови меттигашкахь компрессорни буру тохаран пайде йолу технологи кеч а йина, йукъа а йаьккхина.

1948-гӀа шо тӀекхаччалц фронт Соьлжа-ГӀалина улле гӀертарца галдевлла долу мехкадаьттан буруш меттахӀиттош къахьегна. Куьйгалла деш Бабуков а волуш, «Старогрознефтехь» буру тохаран билгалонаш къасторан керла прибораш кечйаран а, йукъайалоран а талламан тоба кхоьллина. Йоццачу хенахь аьтто баьлла буруш талларан а, белхалой Ӏаморан а болх дӀахӀоттон. Оцу гӀуллакхо мехкадаьтта даккхар лакхадаьккхина[2].

1948-1950-чуй шерашкахь лакхарчу инженеран даржехь а волуш, Бабуковс дакъалаьцна Ташкалински маьӀданаш долу меттиг карайерзорехь а, иза талларехь а. 1950-1982-чуй шерашкахь трестан коьрта инженер. 1960-чу шарахь йукъайаьккхина, мезозойски ӀаӀарш тодарехь дика пайда баьлла йолу биргӀанна арахьарчу кочаллехь лелаш болчу бӀогӀамца буру тохаран кеп.

1971-чу шарахь «Старогрознефть» НГДУ-с мезозойски ӀаӀаршкара мехкадаьтта даккхар дӀадолийна. И бахьана долуш уьш бакхийчу гайтамашка кхаьчна. Социалистически декхарш а, БархӀолгӀачу пхеа шеран (1966—1970) планан тӀедахкарш хенал хьалха кхочушдина. 1971-чу шеран бекарг беттан 30-чу дийнахь СССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца, «мехкадаьтта даккхарехь пхеа шеран планан тӀедахкарш кхочушдарехь тӀехдика хьуьнарш гайтарна а, балхахь техникин-экономикин лакхара гайтамашка кхачарна а» Ленин орден а, «Марс а, Варзап а» дашо мидал а луш, Социалистически Къинхьегаман Турпалхочун цӀе йелла[3].

Мехкадаьтта даккхарехь болх бина 1997-гӀа шо тӀекхаччалц. 1990-чу шерашкахь Нохчийчохь чолхе хьал хӀоьттича республикера дӀаваха дезна цуьнан.

Кхелхина 2004 шеран кхолламан беттан 23 дийнахь.

СовгӀаташ а, цӀераш а

  • Социалистически Къинхьегаман Турпалхо (30.03.1971);
  • Ленинан орден (30.03.1971);
  • Даймехкан тӀеман ӀӀ-чу даржан орден (11.03.1985);
  • Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден (23.05.1966);
  • «ТӀамехь хьуьнарш гайтарна» мидал (21.03.1943);
  • «Къинхьегамехь билгалваларна» мидал (31.07.1953);
  • Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н мехкадаьттан а, нефтехимин а промышленностан хьакъволу гӀуллакххо;
  • Сийлахь нефтяник;
  • Соьлжа-ГӀалин сийлахь гражданин[4];
  • СССР-н ВДНХ-н мидалш[2].

Доьзал

БабуковгӀеран кхаа тӀаьхьено мехкадаьтта даккхарна йукъарчу барамца 240 шо дӀаделла.

  • Да — Захаран кӀант Бабуков Георгий (1885—1955). 1917-чу шарахь Донан политехникин институт чекхйаьккхина. Оццу хенахь болх бан волавелла Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан промыслашкахь. Ударникийн а, рационализаторийн а болам вовшахтоьхначарех цхьаъ вара. «Грознефтан» мехкадаьттан промыслийн тобанна куьйгалла деш вара. 1930-1933-чуй шерашкахь «Старогрознефтан» коьртачу инженеран болх бина;
  • Нана — Иванан йоӀ Бабукова (Скоробогатова) Наталья;
  • Ваша — Александр (1913—1985) — Сийлахьчу Даймехкан тӀеман декъашхо, техникин Ӏилманийн докор, профессор. 1936-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан институтан мехкадаьттан промыслан факультет чекхйаьккхина. ГрозНИИ веана, инженеран болх бина, лабораторин куьйгалхо а хилла. 1940-1942-чуй шерашкахь эскарехь хилла. 1942-чу шарахь ЦӀечу Эскаран могӀаршкара схьакхайкхина, тӀаккха, кхидӀа Ӏилманан болх дӀабаьхьна. 1942-1946-чуй шерашкахь ГрозНИИ-хь куьйгалла деш хилла. Цуьнан «Нохч-ГӀалгӀайн АССР-н Ӏилманан а, техникин а хьакъволу гӀуллаккхо» а, «РСФСР-н Ӏилманан а, техникин а хьакъволу гӀуллаккхо» а цӀераш а хилла, иштта, правительствон совгӀаташ а — Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден, «Сийлахь билгало» ши орден, Даймехкан тӀеман ӀӀ-чу даржан орден, мидалш;
  • Йиша — Екатерина (1918-гӀа шо, лахьанан беттан 16-гӀа де, Соьлжа-ГӀала). 1941-чу шарахь Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан институтан технологин факультет чекхйаьккхина. ТӀеман шерашкахь Ӏилманан-талламан йуккъерчу лабораторехь инженеран а, «Грознефть» вовшахтохараллин производственни-товаран конторехь дежурни химикан а белхаш бина. 1942-1950-чуй шерашкахь «Старогрознефть» трестан химин лабораторехь куьйгалла деш хилла. 1950-чу шарахь Миннефтепроман Главнефтедобычин буру тохаран декъан лакхарчу инженеран дарж а луш Москва дехьайаьккхина. 1953-1966-чуй шерашкахь — Буру тохаран ВНИИ-н лакхара белхахо. 20 шарахь болх бина И. М. Губкинан цӀарах йолчу Москван мехкадаьттан институтан Ӏилманан-талламан секторан партин хьаькаман даржехь. Мехкадаьттан а, газан а буруш тохаран технологеш кхиоран декъехь дуккха а болчу белхийн автор;
  • Йиша — Надежда (1921-чу шеран кхолламан беттан 19-гӀа де, Соьлжа-ГӀала). 1939-1941-чуй шерашкахь Москван пачхьалкхан университетехь доьшуш хилла, амма, тӀом бахьана долуш дешар йукъахдаккха дезна. Соьлжа-ГӀалин мехкадаьттан институте дехьайаьлла, 1917-чу шарахь чекх а йаьккхина цо иза. Ша доьшучу хенахь кхечу студенташца цхьаьна дуьхьало йаран валаш йарехь дакъалаьцна. 1947-1949-чуй шерашкахь «Гипрогрознефтехь» болх бина. ТӀом дӀабаьллачул тӀаьхьа маре а йахана, Москва дӀайахана. 1956-1983-чуй шерашкахь Москван мехкадаьттах пайда эцаран заводан конструкторски бюрохь цкъа хьалха инженеран а, тӀаккха лакхарчу инженеран а даржашкахь болх бина. М. М. Ушакевичан хӀусамнана.

Бераш:

  • Борис;
  • Георгий — 1990-1993-чуй шерашкахь «Старогрознефтан» коьрта инженер вара;
  • Наталья.

Билгалдахарш

  1. ↑ Герои Социалистического Труда Чечено-Ингушетии, ИА Чеченинфо. Дата обращения: 22 майхь 2026.
  2. ↑ 2,0 2,1 2,2 Бабуков Владимир Георгиевич. oil-industry.net (2021 шеран 6 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 22 май.
  3. ↑ Указ Президиума Верховного Совета СССР «О присвоении звания Героя Социалистического Труда работникам предприятий нефтяной промышленности» от 30 марта 1971 года.
  4. ↑ Почётные граждане Грозного, Строительные материалы. Дата обращения: 22 майхь 2026.

Хьажоргаш