Чулацаман тӀегӀо

Аь

Мегавики чуьра гӀирс

Аь (нох. э/ä) — Кириллически диграф йуу иза, иза лелайо гӀалгӀай, лакийн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, удинийн а, нохчийн а йозанашкахь.

Лелор

Лакийн йозанехь иза [aˤ] олуш долу аз билгалдаккха леладо[1].

ГӀалгӀайн, ногӀийн, рутулийн, табасаранийн, удинийн а, нохчийн а йозанашкахь иза леладо хьалхарчу могӀан, лахарчу хьалаайаран жима озабезамаш боцучу мукъа аз [æ] билгалбаккха.[2][3][4][5][6][7] ХӀокху аьзнех тера ду оьрсийн маттахь «мята», «вяз» дешнашкахь «Я» элпаца билгалдоккху аз. ХӀокху азнна тӀекхоча гӀалгӀайн а, нохчийн а меттанашкахь дешан йуьххьехь а, цундела иза «Я» элпаца хийцалуш дац, иза оцу меттигашкахь йотированни [а] элпан хийцам бу. Масалш:

  • Цхь. т. «экха» — «зверь»; дукх. т. «акхарой».
  • Дукх. т. «аьзнаш» — «голоса»; цхь. т. «аз».

ХӀокху озан билгалдаккхаро аьтту бо оьрсийн алфавитан коьртачу кириллицин дозанал ара ца довла. ГӀалгӀайн а, нохчийн а алфавиташкахь «Аь»-н йотированни хийцам бу — Яь (й+аь). ХӀара диграф(оьр.) лелайо туьркийн меттанийн практически транскрипцин системин чохь.

Дешнаш (Кепаш)

Аз — аьзнаш
Арц — аьрцнаш

Билгалдахарш

  1. ↑ Simon Ager. Lak language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.
  2. ↑ Simon Ager. Ingush language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.
  3. ↑ Simon Ager. Nogai language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.
  4. ↑ Simon Ager. Rutul language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.
  5. ↑ Simon Ager. Tabasaran language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.
  6. ↑ Simon Ager. Udi language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.
  7. ↑ Simon Ager. Chechen language, pronunciation and language (инг.) (htm). Omniglot.