Арсанов, Ахьмад Баудинан воӀ
Lua гӀалат Модуль:Hatnote чохь 140 могӀанан тӀехь: bad argument #1 to 'gmatch' (string expected, got nil).
| Арсанов, Ахьмад Баудинан воӀ | |||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| Арсанов, Ахьмад Баудинан воӀ | |||||||
|
|||||||
| Хьалха хилларг | Бахмадов, Бадруддин Дадин воӀ | ||||||
| Когаметтаниг | дарж дӀадаьккхина | ||||||
|
|||||||
|
|||||||
|
|||||||
|
|
|||||||
| Дин | Ислам | ||||||
| Вина терахь | 1933 шеран 1 июнь (93 шо) | ||||||
| Вина меттиг | Хьалха-Марта, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС | ||||||
| Тайпа | энгано | ||||||
| Да | Баудин | ||||||
| Парти | |||||||
| Динлелор | Ислам | ||||||
| Пачхьалкх | |||||||
Арса́нов Ахьмад Бауди́нан воӀ (оьрс. Арсанов, Ахмет Баудинович; 1933 шеран 1 июнь, Хьалха-Марта) — нохчийн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Хьуьнан бахаман министран гӀовс, Нохч-ГӀалгӀайн ССР Ханна Лакхара кхеташонан председатель (1991 шо), Нохч-ГӀалгӀайн ССР РСФСР президентан векал (1991), Российн халкъан депутат (1990 —1993 шераш).
Биографи
Вина 1933 шеран 1 июнехь Хьалха-Марта йуьртахь Хьалха-Мартанан кӀоштахь Нохч-ГӀалгӀайчохь[1][2]. 1944 шеран 23 февралехь депортаци йина доьзалца Кхазакхийн ССР[3][2]. Кхазакхийн йуьртабахаман институтан лесотехникин факультет чекхйаьккхина[2].
Болх бира Нохч-ГӀалгӀайчуьра Хьалха-Мартанан хьуьнан бахаман директор, коьрта хьуьнхо — Нохч-ГӀалгӀайчоьнан хьуьнан бахаман министран гӀовс[1][2].
1991 шеран 24 октябрехь политикин хьал ирдалар бахнехь хӀоттийра[1] Нохч-ГӀалгӀайчохь Россин президентан векал[4]. Оццу шеран ноябрехь президента хьажийра республикехь чолхе хьал кхайкхор тӀедуьллуш кехат[1]. Йуьхьанца хӀоттийра Нохч-ГӀалгӀайчоьнан Ханна Лакхара Кхеташонан председатель[5], ткъа 1991 шеран 7 ноябрехь Ельцин Бориса кхайкхийра Нохчийчохь чолхе хьал, Арсанов хӀоттийра Нохч-ГӀалгӀайн ССР Ханна йолу Администрацин корта[6]. Амма герзашца долу дов эккхарна кхерам хиларна[1] Россин Лакхара кхеташоно тӀе ца чӀагӀдира и омар, кхайкхира машаре бала берзабаре[7]. Цунна дуьхьала Арсановс фактехь охьадиллира шен тӀера Российн Президентан векалан дарж[8][9].
13 ноябрехь Ельцина официалан мукъаваьккхина Арсанов даржера[10].
1990—1993 шерашкахь иза вара Россин Федерацин халкъан депутат, Россин Лакхарчу Кхеташонан Къаьмнийн Кхеташонан декъахо а, экологин а, Ӏаламан ресурсех рациональни пайдаэцаран а комитетан декъашхо, «Оьрсийчоьнан коммунисташ», «Суверенитет а, цхьатерра хилар а» фракцин декъашхо[1][2].
СовгӀаташ а, цӀераш а
- «Нохч-ГӀалгӀайн Автономин Советийн Социалистийн Республикин сийлахь хьуьнхо» цӀе йеллачарех дуьххьара ву республикехь;
- Цхьа могӀа орденаш а, мидалш а йу[1] [2].
Схьавалар
ГӀараваьлла авлийаан Арсанов Денин тӀаьхьенах ву[5].
Билгалдахарш
- ↑ 1,0 1,1 1,2 1,3 1,4 1,5 1,6 Арсанов Ахмет Баудинович - Биография. web.archive.org. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 15 сентябрь.
- ↑ 2,0 2,1 2,2 2,3 2,4 2,5 ББЭ, 2009.
- ↑ 'Арсанов Ахмет Баудинович Архиван копи 2016 шеран 26 декабрехь дуьйна Интернетан архив#Проекташ
- ↑ Ельцин Б. Н. Указ Президента РСФСР от 24.10.1991 №153 «О представителе президента РСФСР в Чечено-Ингушской республике». web.archive.org (1991 шеран 24 октябрь). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 15 сентябрь.
- ↑ 5,0 5,1 partner.
- ↑ Ельцин Б. Н. Указ Президента РСФСР от 07.11.1991 №178 «О введении чрезвычайного положения в Чечено-Ингушской Республике». yeltsin.ru (1991-1107). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 15 сентябрь.
- ↑ Хасбулатов Р. И. Постановление Верховного Совета РСФСР «Об Указе Президента РСФСР от 7 ноября 1991 г. „О введении чрезвычайного положения в Чечено-Ингушской Республике“». docs.cntd.ru (1991 шеран 11 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 3 май. Архивйина 2019 шеран 3 февралехь
- ↑ Арсанов Ахмет Баудинович, Бывший представитель президента РСФСР в Чечено-Ингушской Республике. www.labyrinth.ru. ТӀекхочу дата: 2026 шеран 15 сентябрь.
- ↑ Хасбулатов Р. И. Постановление Верховного Совета РСФСР «Об Указе Президента РСФСР от 7 ноября 1991 г. „О введении чрезвычайного положения в Чечено-Ингушской Республике“». docs.cntd.ru (1991 шеран 11 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 15 сентябрь.
- ↑ Ельцин Б. Н. Указ Президента РСФСР от 13.11.1991 №200 «Об освобождении А. В. Арсанова от должности представителя Президента РСФСР в Чечено-Ингушской Республике». web.archive.org (1991 шеран 13 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2026 шеран 15 сентябрь.
Литература
- Большая биографическая энциклопедия / С. М. Секачёв. — Москва: АСТ, 2009. — ISBN 978-5-17-054872-1.
Хьажоргаш
- Шейхи Дени и Бахӏаудин Арсановы — Коммуникационное агентство «Партнёр плюс»
- Некролог Ахмета Арсанова — газета «Ингушетия».