Чулацаман тӀегӀо

Антипкин, Сергей Владимирович

Мегавики чуьра гӀирс

Lua гӀалат Модуль:Hatnote чохь 140 могӀанан тӀехь: bad argument #1 to 'gmatch' (string expected, got nil).

Волейбол
Сергей Антипкин
Файл:Сергей Владимирович Антипкин.jpg
Йукъара хаам
Йуьззина цӀе Сергей Владимирович Антипкин
Вина 1986 шеран 28 март({{padleft:1986|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:28|2|0}}) (40 шо)
Гражданалла
Локхалла 197 см
Возалла 92 кг
Позици уьйр латториг
Хаам командех
Команда Кипран байракх Омония
Лоьмар 5
Кегийрхойн клубаш
2002—2006 Российн байракх Динамо-МГФСО-Олимп
Клубан карьера[* 1]
2006—2008 Российн байракх Спартак (Москох) 2008—2009
61 (173)
Российн байракх Факел 2013—2015 Российн байракх Зенит (Пб)
Российн байракх Газпром—Югра 2019—2021
7 (1)
52 (187)
38 (39)
2022—хӀ. а. 2015—2016 Кипран байракх Омония
Российн байракх Факел 2018—2019 26 (69)
Къоман гулйина команда[* 2]
18 (15)
Российн байракх Росси (студ.) 7 (13)
2013 2013—2017 Российн байракх Росси
Дуьненайукъара мидалш
Волейбол
Универсиада
Деши Казань 2013
Пачхьалкхан совгӀаташ

Спортан цӀе
Российн халкъашна юккъера даржан спортан говзанча
Российн халкъашна юккъера даржан спортан говзанча
  1. ↑ Матчийн барам (набранных очков) за профессиональный клуб считается только для различных лиг национальных чемпионатов.
  2. ↑ Матчийн барам (набранных очков) за национальную сборную в официальных матчах.

Антипкин Сергей Владимирович (1986 шеран 28 март, Москох) — россин волейболхо, уьйр латториг, халкъашна йуккъера даржан спортан говзанча[1].

Спортан карьера

Сергей Антипкин волавелла волейболех ловза москохан Дешаран «Олимп» йуккъехь тренер Константиновский Михаил Михайлович[2]. Шен карьера йолалуш коьрта шахьрин «Динамо-МГФСО-Олимп» а, «Спартак» командашкахь Российн чемпионатан лакхара «Б» лигин а, хьалхара лигин а волавелла. Чекхйаьккхина Дуьненан эконимикин а, дуьненайукъара йукъаметтигийн а Москохан институт.

2008 шарахь кхайкхира Нови Уренгойн «Факеле»(оьр.), тӀаккха 16 ноябрехь дебют хилира Суперлигехь. Российн чемпионатан-2008/09 жамӀашца Антипкинас йаьккхира борзанан мидал, амма, «Факелан» уггаре къона ловзархо хиларна, кӀезиг ловзара, тӀаккха тӀеийцира «Соьлжа-ГӀалин» кховдам.

«Соьлжа-ГӀалица» цхьаьна Сергей Антипкина кхаа шарахь бина лакхара «Б» лигера Суперлиге кхаччалц некъ. 2012/13 шарахь(оьр.), Кириленко Арсенан командо уггара чӀогӀа дивизионехь дебют йинчу хенахь, Антипкин цуьнан капитан вара. 2013 шеран апрелехь Российн гулйина команде кхайкхира. Шен харжаман комментири йеш, гулйина командин коьрта тренеро Воронков Андрейс билгалдаьккхира Антипкинан чехка ловза хаар[3], цул сов, 2012/13 шарахь Сергей вара уггаре а дика буька йукъа тухург «Соьлжа-ГӀалин», йалхолгӀа берриг Суперлигин ловзархойх эйсийн барамца.

Российн гулйина командехь хьалхара матчаш Сергей Антипкина левзина 2013 шеран 7 а, 8 а июнехь Дуьненан лигин гуранахь Калининградехь иранхошна дуьхьала[4], цул тӀаьхьа хьажийра студентийн гулйина команде, цуьнан коьртехь вара Сергей Шляпников. Июлехь цунна йукъахь Казанера Универсиадин чемпион хилира.

2013 шарахь Антипкин Сергей дехьавелира Газпром-Югре", шина шарахь коьрта уьйр латториг вара сургутан командин, цуо 2014/15 шарахь шен боккха кхиам баьккхира, Российн чемпионатехь йоьалгӀа хилира. 2015 шеран июнехь — июлехь Сергей левзира бархӀ матчехь къоман гулйина командехь Дуьненан лигехь.

2015/16 шарахь левзира «Белогорьехь»[5], цуьнца Российн чемпионатан борза даьккхин, цул тӀаьхьа дехьаваьлла Москохан «Динамо»[6], керла командица российн хьалхейаакхаран дети даьккхина. 2017 шеран июнехь йуха а левзира къоман гулйина командин Дуьненан лигин матчашкахь.

2018 шеран июлехь контракт дира Петарбухан «Зенитца»[7]. 2019 шарахь дехьавелира Нови Уренгойн «Факеле», цигахь шина шарахь левзира. Гола лазийна шарахь садаьӀна, 2022 шеран октябрехь карлайаьккхина карьера кипран Никосера «Омонияхь»[8].

Кхиамаш

  • Универсиадин (2013) чемпион.
  • Российн чемпионатан детин (2016/17) а, борзанан (2008/09, 2015/16, 2017/18) а совгӀатхо.
  • Российн Кедан финалхо (2015, 2018).

СовгӀаташ

  • Российн Федерацин Президентан Сийлаллин грамота (2013 шеран 19 июлехь) — лакхара спортан кхиамашна Казань гӀалара 2013 шеран XXVII Дерригдуьненан аьхкенан универсиадехь[9].

Билгалдахарш

  1. ↑ О присвоении спортивного звания „Мастер спорта России международного класса“». fpio.org.ru. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 20 ноябрь.
  2. ↑ Всегда восхищался бразильцем Рикардо. Динамо-Урал. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 20 ноябрь.
  3. ↑ Андрей Воронков: «Обвинений в протекционизме не боюсь». «Спорт-Экспресс» (2013 шеран 16 май). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 16 ноябрь.
  4. ↑ «Воронков приглашал меня, ещё когда работал в Кемерово». «Спорт-Экспресс» (2013 шеран 9 июнь). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 16 ноябрь.
  5. ↑ «В „Белогорье“ предстоит играть с великими волейболистами». «БелПресса» (2015 шеран 15 июнь). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2018 шеран 23 июлехь
  6. ↑ Бакун и Антипкин подписали контракты с московским «Динамо». Советский спорт. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 20 ноябрь.
  7. ↑ «Зенит» подписал контракт с Сергеем Антипкиным. ВК «Зенит» Санкт-Петербург (2018 шеран 20 июль). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 16 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2018 шеран 23 июлехь
  8. ↑ Антипкин стал игроком кипрской «Омонии». «Бизнес Online» (30 октября 2022). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2022 шеран 30 октябрехь
  9. ↑ Распоряжение Президента Российской Федерации от 19 июля 2013 года № 277-рп «О поощрении». ТӀекхочу дата: 2025 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2016 шеран 28 январехь

Хьажоргаш