Ана Мена
| Ана Мена | |
|---|---|
| испан. Ana Mena Rojas | |
| | |
| Йича тиллина цӀе | испан. Ana Mena Rojas |
| Йина терахь | 1997 шеран 25 февраль (29 шо) |
| Йина меттиг | Эстепона, Испани |
| Гражданалла |
|
| Корматалла | актёр, эшархо, студийный музыкант |
| Сайт | anamenamusic.com |
| РУВИКИ.Медиа логотип Медиафайлаш РУВИКИ.Медиа чохь | |
Анна Мена (испан. Ana Mena Rojas; 1997 шеран 25 февраль, Эстепона, Испани) — испанхойн эшархо.
Биографи
Анна Мена Рохас йина 1997 шеран чиллин беттан 25 дийнахь Андалуси йукъайогӀучу Эстепон гӀалахь. Шен кхоллараллин некъ цо дӀаболийна 2009-чу шарахь «Marisol, la película» сериалехь[1].
2010-чу шарахь Анна Мена дакъалецира музыкан реалити-шоухь «Disney My Camp Rock 2», цигахь толамхо йолу.
Цуьнан музыкан карьера йолайелла 2016-чу шарахь, цо шен дебютни сингл «No Soy Como Tú Crees» арайаьккхича. Менас дуккха а гӀарабевллачу музыканташца цхьаьна болх бина. 2018 шарахь Италехь гӀарайаьлла иза ше эщарца «D’estate non Vale» Фред Де Пальмаца дӀайазйина йолу. Италехь дагахь доцуш хиллачу кхиамо дуьнен тӀехь гӀарайаьккхира иза. ХӀетахь дуьйна цуьнан аьтто баьлла Италехь а, Испанехь а масех хит арахеца, стриминг заманахь уггаре а йевзаш йолчу испанхойн артистех цхьаъ хилла дӀахӀоьттира иза[2][3].
Цуьнан кхолларалла билгалйаьккхира «Одеон» совгӀатца а, кхин совгӀаташца а.
Музыкальни карьера
2016-чу шарахь Анна Менин музыкальный дебют хилира «No Soy Como Tú Crees» сингла ара а йолуш. 2018-чу шарахь Анна Мена гӀарайелира Италехь Фред Де Пальмица цхьаьна иза болх бечу хенахь — цаьршиннан йиш «D’estate non Vale» бахьана долуш цуьнан карьерехь дукха хӀума хийцаделира. И бахьана долуш, дӀайелла йелира цунна хьалха музыкан неӀарш.
Анна Мена йевзаш йу тайп-тайпанчу кхечу къаьмнийн артисташца цхьаьна болх барца а, италхойн эстрадан хитийн кавер-версиш дӀайахьарца а. Иштта цуьнан синглаш а «Música Ligera», «Música Ligera» италхойн эшарийн адаптацеш йу «Musica leggerissima», «Superclassico»[2].
Эшарийн дебютни альбом «Índex» арайелира 2018 шарахь , 2023 шарахь арайолу шолгӀа студин альбом «Bellodrama».
Анна Мена Испанехь а, Италехь а йевзина ца Ӏаш, Францехь а, Португалехь а, Румынехь а, Грецехь а, Мальтехь а, Мисарахь а йевзаш йу.
Дискографи
| Год | Альбом | Лейбл |
|---|---|---|
| 2018 | Índex | Sony Spain |
| 2023 | Bellodrama | Sony Spain |
Телевидени
| Проект | Роль | Примечания | |
|---|---|---|---|
| 2008, 2010 | Qué vida más triste | Сара | 2 эпизода |
| 2009 | Marisol, la pelicula | Пепи | телефильм |
| 2010 | My Camp Rock | Себя / участница | Победитель (2 сезон) |
| 2010 | Supercharly | Вероника Наварро | главная роль |
| 2013 | Como alas al viento | Глория Мохедано | телефильм |
| 2013-2014 | Vive cantando | Паола Руис Альмагро | главная роль |
| 2013-2020 | Tu cara me suena | Себя / исполнительница | 3 эпизода |
| 2020 | Sanremo Music Festival 2020 | Себя / гостья | ежегодный музыкальный фестиваль |
| 2022 | Sanremo Music Festival 2022 | Себя / участница | ежегодный музыкальный фестиваль |
| 2022 | Welcome to Eden | Джудит | повторяющаяся роль |
| 2022 | Idol Kids | Себя / судья | талант-шоу |
| 2023 | The Resistance | Себя / гостья | эпизод от 30 марта 2023 |
Фильмаш
| Год | Фильм | Роль |
|---|---|---|
| 2011 | The Skin I Live In | Молодая Норма Ледгард |
| 2018 | Journey to a Mother’s Room | Беа |
Билгалдахарш
- ↑ La historia detrás de Ana Mena. Musicandote.
- ↑ 2,0 2,1 Ana Mena, è uscito il nuovo singolo Quiero Decirte con Abraham Mateo (it-IT), Sky. Дата обращения: 26 ноябрехь 2025.
- ↑ Quiero Decirte - Abraham Mateo & Ana Mena(бил-боцу.). El portal de musica. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 ноябрь.
ХӀокху йаззаман тӀе РУВИКИн кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |